Бертаза йуьртара аравала гӏоьртинчунна герз тоха аьлла, дина омра а ду. Кху чуьра нах арабохур бу нийсса ши сахьт даьлча. Оцу шина сохьтехь йуьртара дерриге а адам – къена а, къона а, зударий а, бераш а – цхьа а са бухахь ца дуьтуш йуьртах ара а даьккхина, билгалчу метте дӏагулдина хила деза. Тӏаккха, гонах ха а хӏоттийна, шайн доьзалшна тӏе дӏадуьугур ду шу. Хӏинца цкъа шуна йуккъера цхьа масех стаг аравоккхур ву. Эпсаршца цхьаьна баха а бахана, цара йуьртахь дӏакхайкхо деза кхузахь шайна хезнарг. Адам кхалха кечдан деза цара. Адамашна кечдала а, йиллинчу метте дӏагулдала а йелларг ши сахьт хан. Вада гӏоьртинчунна а, ши сахьт дӏадаьлча юьртахь карийначунна а тоьпаш тухур йу. Совнаха мохь новкъа ма баккха. Шайн тӏейуху бедарш а, мотт-гӏайба а, цхьана баттана кхачан сурсаташ а. Цул сов мохь машинашна тӏебоккхуьйтур бац.»
Нахана йуккъехь гӏовгӏа йелира. Цхьаболчара бохура летта дала деза. Бисинарш дуьхьал бара. Хӏун гӏуллакх ду эрна хӏаллакьхила? Вай дуьхьало йича, цара къенаниш, зударий а, бераш а дойъур ма ду. Делан болх ма бу хӏара. Дала динчунна муьтӏахь хила деза. Тӏехула тӏе, хӏокхара лелориг, ӏедална а, Сталинна а ца хууш шайггара лелош хила а ма мега. Сталинна хааза дуьсур ма дац хӏара. Йа вай кхеро хӏоттийна кеп хила а тарло. Йуьртах а даьхна, йуха цӏа хоьцур ду… Доцца аьлча, болх Далла а, Сталинна а тӏебиллина, сецира адам.
Оцу ӏуьйранна деша дахана бераш новкъара а, школан кетӏара а охьахьийсийра. «Тахана мукъа дуьту шу, – бохура цаьрга. – Шун школи чохь собрани хир йу. Аш садаӏа». Мукъа дисира и де а, шолгӏаниг а, кхоалгӏаниг а. Бутт а. Ткъа дукхахболчарна ца дуьйгӏира кхин цкъа а парти тӏе ховшар.
Цхьа сахьт далале адам махьшаре лоьхкучу дийне тарйелира йурт. Зударийн цӏогӏанаш, доьлхучу кегийчу берийн маьхьарий. Къонахоша оьгӏазе бетта барт. Махкана хиллачу бохамах кхетча санна, ӏоьху даьхний, угӏу жӏаьлеш. Догӏмех цӏераш хьаьлхина адамаш. Йуьртал арахьа маьӏ-маьӏӏехь дуьйлу герзаш…