Цӏеххьана кхоьлира стигал. Йуьхьанца меллаша дилла доладелла ло буьрсачу дарце дирзира. Суна цкъа а мел шийлачу ӏай а ца гинера и тайпа дарц. Оцу цӏемзачу дийнахь, шайн йовха хӏусамаш йуьтуш, арадуьйлура адамаш.
Ойла йехьа, Юра, цӏа дуьззина доьзал болчу стеган. Цуьнан аьтто бац царна массарна а бедарш, мачаш эца. Йа, аьтто боллушехьа, эца мало йеш ӏийна иза. Йа берашна стенна оьшу и барзакъаш, уьш стенга гӏур бара бохуш, ӏийна иза. Йовхачу хенахь тӏехь шарбалш, когахь мачаш йоцуш ловзуш лела цуьнан уьш. Шелйелча – чохь совцу, йа лула-кула ловза боьлху. Роггӏана цхьа мачаш йухуш, цхьа пальтон тӏелхиг тӏе а кхуллуш. Арахь шелбелча, бохбала чу а лелхаш. Ден-ненан ойла йац ӏаьнан шелах уьш эцна цӏера арабовла. И ойла хилча-м, цара хьалххе кечамбийр бара. Цӏеххьана хьийзочу дорцала аравала аьлча, да-нана мича хьоле дужур ду хаа хала дац.
Нохчийн боьршачу стагана эхь ду нахана а гуш шен бер ги доьллича. Амма оцу дийнахь уггар ша бен мила ву бохучу къонахчун гихь а, карахь а цхьацца бер дара. Гихь а, марахь а цхьацца бер дара ненан а. Истангех, йургӏанех хьирчина, йуххе девллера дисинарш. Жимма а мохь айъа ницкъ болчун каралаьцна, ги боьллина а шенначул мохь. Гоьллелц догӏучу лайлахула когашӏуьйра салтийн гонна йуккъе а хӏиттина йуьртах буьйлура уьш. Суна гира оцу ӏуьйранна салташа йийначу Айзанан майра шен берашца араволуш. «Хӏара хир дуйла хиънехь-м, шуна тӏе а, кога а духучунна гӏайгӏа бина хир ма бара ас, бераш, – элира цо, йалх бераца уча а ваьлла. – Хӏинца дан хӏума дац-кх. Далла тӏе болх биллина, новкъа девр ду-кх вай».
Гихь а, карахь а цхьацца бер дара цуьнан. Йуххе даьккхина каралаьцна цхьацца шад а болуш – диъ. Чохь маьнги тӏехь йахйина ӏуьллуш йисира оцу берийн нана. Ворданахь цӏа деанера цуьнан дакъа. Оцу бераша хьоькхучу маьхьарийн цӏогӏано дог дорура адамийн.