Дуьххьара де дара каникулаш йолайелла! Мента хӏинца йоьалгӏа класс чекхйаьккхина ваьлле́ра. Шуна ма мотталаш, хӏара школе оьхуш хазахеташ вац, йа дешан ца лууш ву. Ментин цхьаъ а «кхоъ» да́́цара йоьалгӏа классехь! Делахь а, каникулаш тӏейаьхкиний: бӏаьсте, аьхке эрана дӏайахийта оьшуш ма да́ций. Малх мел хаза къежара, эвла йистте́ра Марта мел хаза лепара, Ментин накъостий мел ре́за бара каникулаш эрна дӏа ца йахийта. Хӏан, вуьйцуш лаьтташехь во́гӏуш ву хьу́на царех шиъ: Довтий, Масий.
— Ахьа бо́хура Мента хӏинца а гӏаьттина хир вац, хӏара лаьтташ верг мила ву! — Ментина хазийта гӏерташ э́лира Масас.
— Аса-м ца э́лира и гӏаьттина хир вац, вижина а хир вац и бо́хура аса, ше́н фантастика йоьшуш, - дӏадерзийра Довтас.
— Аша шимма хӏун леладо са а тасалий волавелла лелаш? — бегаш бира Ментас.
— И дитийша, дан хӏун до вай, хӏокху хазачу дийнахь? — хаттаран хьаьрк хилира дош сиха Маса.
— И хӏун ду, хӏун до вай бо́хург! Хӏокху шарахь Мартана чохь лийча ваьхьинарг мила ву? — э́лира, да́има а дов дагахь волчу Довтас.
— Май бутт йуккъе а ца бахача, хьалхе ду. Дац ткъа? — Масига гӏо доь́хуш хьаьжира Мента, доттагӏашна ша́ кхеравелла моьттуш.
Хӏо́ра шарахь болар сиха Марта бӏаьстенан йуьххьехь ше́н аьрха амал йовзитуш массийтаза дистина до́гӀура. Баккхийнарш а ларлуш, кегийнарш а ларбеш шай ма хуьллу ӏалашбеш кхерамен дара аьрха Марта. Бумтане жимма хьалаваьлча ге́на до́цучу лаьмнаша шайн букътӏера лайш дешначу йукъахь гойтура Марта хӏун э́кха ду! О́рамашца бухах до́хуш пепнаш чуте́кхош, бердаш чу херцош, дуьхьала да́ла цхьа хӏума до́цуш, охьахецалора Марта! Амма бӏаьста йовхоне йирзича, лаьмнашкара лайш дешина а девлла зе́загаш лепаш полларчашца ловза девлича, Марта а ше́н амалца хийцало. Ша́ адамашна бинчу цата́мана бехке доьдий, хьасталой, сирлачу тулгӏеца э́шаре доьрзу. Амма лаьмнашкахь лайх мотт хьоькхуш йакхийна кхиина Мартана тулгӏеш сихачу боларца аренга хьаьдича а лайн чо́мехь хуьлу. Къо́начу мартанхойн оцу ша санна шийлачу тулгӏешца къовсуш чахчайо йуьхьенца къо́нах кхиавеш йолу амал.