Мартанан сийлахь то́гӏи! Хийла бе́ралла гина хьу́на, хийла кӏентий кхиина оцу то́гӏи чохь: Мартана йистехь, Мартана сирла тулгӏеш хьоьстуш, буьрсачу буру хьийзочу айманашца къуьйсуш.
— Со-м вухавоьрзура вац оцу шийлачу Мартана чохь лийча а ца луьйчуш! Су́на тӏаьхьахӏотта ша́ майра вериг! — цӏогӏа хьаькхира Довтас!
Къовсам – дуьненахь шаболчу боламан йуьхьиг! Бе́раллехь дуьйна къанале кхаччалца къовсамехь ду адам. Къовсамехь тоьлларг ву адмашлахь ло́руш верг, вевзаш верг. Вовше́н тӏаьхьа ца виса гӏерташ кхо кӏант дӏахьаьдира Мартанан то́гӏи чу боьдучу готтачу урамехула татолана улло́хула. Ган йеза Мартанан то́гӏи, цуьнан чам баккха: бе́рийн ловзарш, хин тулгӏеш зе́загашца, бе́цашца ийбача бен хила йиш йац и чам. Кестта гучубе́лира Мартанан берд, лахахь шуьйра то́гӏи, то́гӏи йоькъуш Мартанан керчаш тулгӏе́нийн а́са. Бе́раш бердайистехь цхьана минотана севцира оцу дуьненан ӏа́ламан суртан мах ха́дон. Амма сихонца дӏаийра оцу дуьненан йалсманийца цхьа басарш хилла. Зевне декачу Мартанан тулгӏешка а, це́ран серло-м бе́рийн бӏаьргашна чохь гора, амма къовсаме девллачу бе́рашна хӏинца мехалла дериг цхьаъ дара – толам. Ткъа толам цхьатера ницкъа болчу къовсамхошкахь товш бу: кхузахь дерш пхоьалгӏа классе девла бе́раш – хӏинца амал ма́шарен тӏегӏане йерзонза даьржинчура йухадерзанза буьрса Марта! Дуьхь-дуьхьала нисбеллера йухабевра бо́цу къовсамчаш: Довта, Маса, Мента – вукху а́гӏора – Марта.
— Дукха шийла мукъна дуй техьа хӏара хи? Хьовсий вай тӏера хӏуманаш дӏа а йахий чу кхийсада́лале? – деганза э́лира жимма дог кӏеда волчу Ментас.
— Хӏа-хӏа, хӏумнаш тӏера дӏа а йаьхна, цӏаьххьана хина чулелха деза вай! – ша вуха вер волуш воций хаийтира Довтас.
— Кӏентий, цкъа чу ког ӏоттий хьовсий вай? Довта, хьо стохка моссалгӏа майхь лийчира дуьххьара? – ма́шарен а́гӏо лаха хьаьжира Довтас аьллачунна шавериг а ре́за во́цучу Масас.
— Со-м э-э, дага-м ца до́гӏу су́на… Хӏа-а дагадеира су́на! Со ткъалгӏа майхь лийчар-кха! – дагадеира Довтийна.