— Духа довда! Духа довла сихонца! – о́луш мохь туьйхира кӏанта, куьйга эшарехь дӏа а гойтуш, хӏун дан деза.
Ши кӏант ше́н хеннахь кхийтира, хӏун дан деза. Когахь шине́на а тудаш йолу ма́чаш йара, амма кхерава́ларо и шиъ сиха вухаваьккхира уггаре а кхерамен метигера. Довта оцу йукъана, хӏорш куьйгашца кхетабан а гӏу́ртуш, йурт йолалучу меттехь кхин а лекха берд болчу а́гӏора дӏахьаьдира мох санна, нахе орца даккха. Кӏантана-м лакха тӏера вуха хаьжича гуш дара, дистина до́гӏу хи тӏе кхаьчча, ше́н шина накъостана сехьа чухаьдда хи алсама делахь а, цаьршинна дехьа хаьлха охьадо́гӏуш хилла хи а дистина хилар. Шина кӏантана сехаьрниг санна доккх-м да́ца́ра и, амма стамделла а, буьрса а дара иза а. Масий, Ментий шина хина йуккъехь, жимма айбеллачу меттехь воьхна дӏасахьийзаш вара, шаьш хӏун дийра ду ца хууш. Дукха хан йукъа ца йолуш схьакхе́чира Довтас даьккхина орца а, жимма хан йукъа ца йулуш дукха а нах а. Массо а куьйгаш а хьежош Масийгий, Ментигий хьуьйсуш бара, царна а, Довтас балийначу орцана баьхкинчарна хӏун дан деза ца хаара. Оцу хе́нахь дистина до́гӏучу хино ши кӏант тӏехь лаьтташ болу гу а чухьерчо болабира, тӏулгаш бухах а дохӏуш, дӏа те́кхош. Хӏинца-м дехьара берда йистехь а гулбелле́ра дукха нах. Дехьара берд дукха лекха ба́ца́ра, цхьацца меттехь дукха лоха болуш, тӏехула хи а йехха а́са хира йолуш дӏадахане́ра. Милицин белхалой тӏехь болуш маше́н а йеъне́ра хина дехьара берда йисте. Уьш а бара шайн машенан тӏера раци чухула цхьанге-м орца доь́хуш. Амма, схьахетарехь, мел чӏо́гӏа эскарш кхайкхича, йаккхийра машенаш кхайкхича а, хан-м кӏезига йара: ши кӏант тӏехь лаьттиш йолу тӏулгийн а́са жималуш йара. Зударша белхаран гӏовгӏа а эккхийтане́ра, бӏаьргех йовлакхийн