Ши кӏант а дикка кхеравелла воьхначух тера дара, ца́ра а куьйгаш а лестош хаам бора, шайн жима гӏайре кестта къевла йе́ра йолуш йу, бо́хуш.
Оцу хе́нахь дехьара берда йистте́ кхе́чира говра хаьхкина веъна цхьа бе́ре. Бакъ туьйранахь санна вара и ше́н динахь орцаха веъна. Амма бе́ре́чуьна говраца дуьстича доккха деъна хи, цо хьерчош йолу тулгӏеш йуьхьанца санна йацахь а, пепнаш а текхош, делахь а саьрмиках тера йара. Делахь а и говра хаьхкина веъна бе́ре́ а ца хилле́ра, туьрана турпалхо вацахь а, ша́ осалачех. Говра берда йистехула дӏа, схьа а хаьхкина, хина лакхахьо гечо долуш меттиг а лехина, хина чу кхоьссира цо говра. Хина йуккъехь дисинчу бе́рийн когашна бухахь-м тӏулгаш хаалуш а да́ца́ра хӏинца. Делахь а, хӏинца дегайовхо йара не́хан и бе́ре́ бе́рашна тӏе кхо́чура ву аьлла. Хӏинца говран ницкъа бара коьртаниг! Говрийн хьуьнарах, амалах – дистинчу хих мила туьйр ву, цуна́ха тешна дара ша́дериг! Бе́ре́ а хина амал дика йевзаш хилле́ра, хьаьдда до́гӏуш долчу хина лакхара охьа волавеллера и ше́н говраца, амма говра а йухйе́ра йо́цуш хилле́ра. Кестта бе́ре́ ше́н говраца разохьатекхош хиллехь а тӏе кхе́чира шина кӏантана. Шина а берда тӏехь хӏинца зингатий санна дукха лаьттачу на́ха маьхьарий хьаькхира, турпалхочуьна дог ира-кара хӏоттош. Ши кӏант шена хьалха цхьаъ а, букътӏехьа шолгӏаниг а хаийна, бе́ре́ кечам бан вуьйлира вуха дистинчу хих сехьава́лан. Хӏинца ойла йан йезара: дехьа во́луш-м бе́ре́, бердайистехула лакха хьала а вахана, хина охьадарца охьавеира. Ткъа хӏинца а и хи охьа ма дарра, жимма а́гӏо а ло́цуш охьавеира. Хьалха санна дехьа а, сехьа а бердайистехь лаьттачу на́ха маьхьарий э́лира, бе́ре́ бе́раш а цхьана берда тӏе хьалаваьлча.
Дукха хан йукъа йа́лале эвлайуккъерачу доккхачу тӏайх машенаца тӏаьхьа а бахана цӏада́лийра бе́раш.
Кхо кӏант вовшах кхетча ца́ра уггаре хьалха дийцинарг хӏун дара хаий шуна? Довта Мартана чохь массарел хьалха хӏокху шарахь лийча му́ха лийчира!
03.07.2022 шо.