Йоӏ-м сан агӏора шен стигал басахь хьажар кхин хьен ца деш шен киншка тӏе йогӏайеллера. Классера бераш а дара къайлах-къулах соьга йишмаьӏашца суьрташ доьхуш. Тамаш а бацара, ӏарбий, Турпалханний классехь ӏаш вара, цара накъосташка кхаъ баьккхина хилар гуш дара.
Эххар а со кхийтира, хьехархочо соьга сайн метте охьахаа бохуш хиларх. Шен куьзганаш тӏехула хьожуш шен цецвалар, реза ца хилар гойтуш бӏаьргашца дӏавигира со хьехархочо сайн партина тӏекхаччалца. Сан мискачу дагчохь дерг шена хаьахьара-м вер вацара иза кхин цец а.
Со сайн метте охьахиина ца ваьллера соьгара шайна суьрташ дезаш хилар классера бераша хоийтуш. Классехь йаьлла гӏовгӏа новкъахиллачу хьехархочо шен гӏанта тӏера гӏоттуш чухула волалуш совцийра и дехарш.
— Хӏун урок йу вайн? — хаьттира аса партийна тӏехь сайна уллохь ӏенчу ӏисага, цуьнга цецдоийтуш.
— Хьан корта дика буй, накъост? Иван Архипович хӏун деш ву классехь?— меттавалийра со ӏисас.
Иван Архипович-м истори хьоьхуш вара, цул совнаха тхан классан куьйгалхо а вара иза. Тӏаьхьа-м висинера со, хӏинца суна тӏехула тӏе оьшург иза соьга цӏахь ӏамон йелларг хаттар дара. Оьшург делахь, схьалаца хьайна! Иван Архиповича шен метте кхаьчний, кхачанзий ву аьлла хеташ журналана тӏе а хьаьжина сан цӏе йаьккхира.
— Сан йиш-м ма ца хуьлу и урокаш ӏамон!— реза вацара со сайга хаттарна.
— Хьан хӏунда ца хуьлу урокаш йан йиш? – цецвалар доцуш хаьттира хьехархочо.
— Цомгуш ву со!
— Хӏун цамгар ду хьан?
— Хӏара ду-кх!— айса буьйсана даьхна суртийн туп цуьнан истолан тӏе дехкира аса.
Леррина хьаьжира хьехархо суьрташка.
— Дика корматалла йу иза-м. Амма хьо урокаш ӏаморах кӏелхьара воккхуш цамгар дац и. Шиъ ду хьуна охьахаа,— журналан тӏевирзира и сан таханлера дуьххьара шиъ оцу тӏехь безамца дӏанийсдеш.
Сан шиъ журналана тӏе дӏа а дерзийна, суьрташ схьадеъна сан парти тӏе дехкира хьехархочо. Иван Архипович шен хьехархочун меттиге дӏаволавелча, йуккъера ши сурт схьаэцна, вуьйш классе дӏахьажийра аса. Малижин ши сурт цуьнга дӏакховдийра со цуьнан агӏора ца хьожуш. Суьрташ йоӏа куьг схьакховдийна дӏаийцира, амма кхин баркалл аьлла а сан дог ца ийцира.