Со къайлаха хьаьжича даима а санна шен урокана кечам беш йара йоӏ. Эрна а ца хиллера и кечам бар, кестта цо шега хьехархочо динчу хаттарна жоп делла пхиъ даьккхира. Цӏаьххьана со волчу агӏора схьабирзинчу йоьӏан шина бӏаьргах, цхьана хӏуманах тасавелла охьавоьжча санна хилира со. Йеккъа цӏена шело бен кхин хӏума ца гира суна хӏинца оцу бӏаьргийн сийналлехь. Хьаьжана йуккъехь хӏоттийна шадана кеп йара, оьгӏазло-м йацара и амма цхьа цуьриг а йовхонах хӏума а дацара, суна самаха, гӏенаха а дуьхьала туьйсуш хиллачу бӏаьргашца. «Муха? Суна хӏинццалца ца девзаш хилла техьа и бӏаьргаш. Хӏунда ду и бӏаьргаш сан дегӏах чекхдуьйлуш санна хьоьжуш. Иза-м йац со гуш а!» — къиза ойланаш хьаьвзира сан коьрте.
Урок чекхъйаьлла садоӏан арахьаьвдира бераш, хьехархо а журнална тӏе цхьаъ-м дӏайаздина классера аравелира. ӏиса араволийтуш партаана тӏера гӏаьттина вуха а охьахиира со, сой ӏисай ӏен парта пенна уллохь йара. Малижа а йара шен меттехь схьайиллинчу киншкана тӏейогӏайелла ӏаш. Цуьнца цхьана партии тӏехь ӏен Губани а шен дешаран гӏирс тӏоьрмигчу а берзийна, Малиже: «Со арахь хир йу хьуна»,— кхоьссина арайелира. Малиже хьаьжича сан тидам хилира, иза киншкана йуккъе дехкинчу суьрташка хьожуш хиларан.
— Малиж, хьажийтахь хьан сурт муха даьлла, — йоӏана уллохь партана тӏехь дӏатарвелира ӏумар.
— Хаза ца йаьлла со сурта тӏехь, — олуш суьрташ дӏакховдийра Малижас.
— Деккъа цӏена малик ду-кх сан Малижа! Делахь а суьрта тӏехьчулла а иштта хаза йу хьо, — улло тӏевогӏавелла тайниге санна хьаьжира ӏумар.