Схьакхаьчча, цунна кхузахь хеза хабарш а дацара хӏумма а маслаӏате. Базархоша дийцарехь, карзахе хьал дара гӏалахь. Заводашкахь, фабрикашкахь, мехкадаьтта доккхуш а болх беш болу оьрсий шайн алапаш алсамдахар, къинхьегаман а, ӏер-дахаран а хьелаш тодар, шайна цхьацца бакъонаш йалар ӏедале дӏахьедеш, белхаш а совцийна, гӏалин майданашкахь гулбелла, бохура. Салтий а, гӏалагӏазкхий а уьш цигара дӏасалахка гӏоьртича, цара вовшашна буй-тӏара йеш а, белхалошна тӏе герз тухуш а меттигаш хуьлу, бохура. Ӏедална дуьхьалбевллачу оцу оьрсашций, йарташкарчу нохчашций кхузара салтий, гӏалагӏазкхий лара а ца бина, царна гӏоьнна кхечу областашкара эскарш далош ду а, бохура. Иштта балош болчу салташа а, гӏалагӏазкхаша а, кхо де хьалха шаьш тӏехь долу цӏерпошт Несарехь сецча, цунна гондӏарчу гӏалгӏайн йарташкахь талораш дина, цигахь хиллачу тӏамехь дикка гӏалгӏай а, гӏалагӏазкхий а байъина бохуш а, дуьйцура. Дийцарехь, и кхерам гӏалахошна а герга бара. Сийсара шаьш Соьлжа-Гӏала ма-кхоччура, тӏе мел нисбеллачу ламанхошна йетта буьйлабеллачу цара, цхьана чӏебарлочунна лен чов а йина, уьш маларш муьйлуш, талораш деш, хьерабевлла лелаш бу бохуш а, дуьйцура.