Шена хӏумма а ца эцна а, цунна и кортали оьцур ду Янаркъас. Кхо туьма мукъана а цӏа кхачалур дац-те? Тӏаккха ах декхар тӏерадоккхур дара. Амма дерриг а йалх туьма дӏаделча а, кӏелхьара ца волу. Герз а, ахча а доьху. Ткъа Янаркъин, атталла, мокхаз буьллу нохчийн тапча а йац. Цхьа тиша шаьлта йоцург, кхин герз дац. Тохара, и къона волуш, цо тӏом бечу хенахь дара цуьнан уггар тоьлла герз. Цхьадерг ӏедало дӏадаьккхина, ткъа цхьадерг, къелла шайн гӏаддайча, доьхкина. Къанвелча, цо хӏун дора герзах?
Янаркъина хаьа шайн йуьртахь итт стеган бен оьрсийн а, япон а тоьпаш цахилар. Царах цхьаъ Хьомсуркъица цхьаьна хьуьнах йахана. Хӏан, йолчу дайша важа исс дӏаелча а, ма йуьсу йуьртана тӏехь йезткъе цхьайтта топ. Уьш эцна йала йеза йа церан метта хӏоранна тӏера пхиппа туьма ахча дала деза. Тур-шаьлтанаш а, патармаш а ма ду такха дезаш. Мел ахча лоцу цара? Хьанна хаьа иза лара! Лаххарчу хьесапехь, исс-итт туьма ахча тӏедужу Янаркъина. Дерриг а лерича – налог, гӏуданаш цхьаьнатоьхча, – йалхитта туьма. Иза такха долахь, дууш-молуш а, тӏедуха-когадуха а доцуш, шина шарахь къахьега деза цаьршиммо… Амма гатийуьртахоша лур дац ӏедална йа и декхарш а, йа герз а. Цара муха, мичара ло уьш, шайн ца хилча? Таӏзарна салтий йуьрта багӏахь, царна дуьхьало йан барт хилла гуламехь.
– Эткаш хьанна йеза! Дика эткаш! Чӏогӏа эткаш! Йорах эткаш йезарг схьавола! – сих-сиха мохь тухура Янаркъина уллохь лаьттачу векъначу, бесечу оьрсичо, шина эткан бертигашна чу куьйгаш а доьхкина, эткийн айраш вовшах а детташ.
Стигал кхола йолайелча, сагатделира Янаркъин. Нагахь и дисина верта хьалхехьо дохкалахь, ша оьцург а эцна, тахана цӏа ваха ойла йара цуьнан. Амма цунах цхьаммо а йалх соьмал тӏех ца лора. Муха лур ду цо иза оцу мехах? Йоккхачу стага буьззинчу баттахь хьегна къа. Вукху деаннал ледара-м, дера, ду хӏара. Ворхӏ-ах делча-м дӏадохка реза хир вара иза.
– Вон ду вайшиннан гӏуллакхаш, ваша, – элира эткаш йухкучу оьрсичо. – Вайшиннан товар дорах деза массарна а. Ткъа сан цӏерачу, хӏорш йохкаре хьоьжуш, ладоьгӏучу бархӏ къамкъарган бала бац цхьанна а. Эткаш йезарг схьавола! Йорах дӏало шуна!