Сан хӏусам экханан тунгари йу хьуна,
Кӏел буьллу кӏеда мотт гӏа-Бециш йу хьуна,
Тӏетосу сан йургӏа шийла дохк ду хьуна,
Гӏовланна ас буьллург акха тӏулг бу хьуна,
Мацвелча, ас йуург попан ковст йу хьуна,
Хьагвелча, молуш дерг Бецин тхи ду хьуна,
Тешаме сан накъост шийла герз ду хьуна.
Халкъан илли
Сих-сиха меттамотт хуьйцура Зеламхас. Масех дийнахь-буса цхьанхьа ӏен кхераме дара. Ша обарган новкъа валлалц адамаш дика девзаш ца хиллера цунна. Моьттура, дерриг а адамаш догцӏена, тешаме, къинхетаме ду. Амма иза аьттехьа а ца хиллера. Шайна сом делча, ӏедало хьаьстича йа кхерийча, шайн да-нана а духкур долуш берш а хиллера. Ишттачарех лечкъа дезара. Даим дӏа сема, ӏожаллина дуьхьалхӏотта кийча. Делахь а дика, тешаме, къинхетаме адамаш а ду. Хӏора йуьртахь а, гӏалахь а. Лаьмнашкахь а, аренгахь а.
Цхьа доккха гӏуллакх хилла, тахана Ведана герга веана иза. Лаьмнашна йуккъехь ӏуьллучу хӏокху жимачу кӏотара. Готта цхьа некъ бу кхуза тӏебогӏуш. Ламанан тархашца сетташ, хьийзаш. Вукху кхаа агӏор атталла гӏаш кхуза вогӏийла а дац. Кӏотарна тӏе а кхозаделла, нийсса ирх лаьтташ мокхазан бердаш ду. Хӏусамден ши кӏант ву и некъ сема ларбеш. Хӏетте а Зеламхин цхьа лерг ара ладоьгӏна ду. Маьнги тӏехь, сонехь, цунна уллохь хӏоттийна карабин-топ а, охьайиллина шиъ бомба а йу. Йукъахдихкинчу доьхкарх кхозуш а, кисанахь а шиъ тапча а йу, цкъа а дегӏах дӏа ца къастош.
Товханахь йоккха летта цӏе йогу. Цӏарах самукъадолу Зеламхин. Цуьнга хьоьжуш, ойланаш дика йало. Делкъан ламаз а дина, чуьчча когаш а бехкина, шен устазо Кунта-Хьаьжас тӏедиллина вирд доккхуш, хиъна ӏа иза. Ша Далла ӏамал йеш, йерриг ойла Далла тӏеерзайо цо. Амма хӏинца, иза мел дӏакъехко гӏертарх, коьрте кхин ойланаш хьийза. Мухха а вирд даьккхина ваьлча, дехха доӏа а дина, суьлхьанаш маьнги тӏе охьа а тийсина, оцу ойланийн йийсаре вахара иза.