Веа вешех воккханиг, Хаси, даим цамгарш лехьош, хьегӏаш, эгӏаза, ӏаламат эсала стаг ву. Хасин а, Зеламхин а зударий, бераш а дара. Солтамурд зуда йалоза вара. Ден ваша Хьамза а, цуьнан ши кӏант а вара. И шиъ шичой бу аьлла, дага а ца догӏура веа вешина. Шайн нанас шайн дена бина вежарий санна хетара.
Зеламха обарг волучу хенахь цуьнан а, Бецин а ши бер дара: Муслимат а, Энист а. Гушмацӏин а, Хьамзин а доьзалша бежанаш, уьстагӏий кхобура. Хьун хьаькхна даьхначу ирзош тӏехь хьаьжкӏаш, кхоьаш, гӏабакхаш, картолаш а кхиайора. Берриг а нохчмахкахошна санна, оцу ирзошна тӏера даьлла йалта ӏаьнах бовла а ца тоьура царна. Дохнан дохкуна духкуш, йалта оьцура. Цул совнаха, накхарш а дара церан кхобуш. Цаьргара шарахь шозза моз схьаоьцура. Иза духкура Веданарчу базарахь. Цунах хиллачу ахчанах бедарш, бахамехь оьшург а оьцура. Хӏокхеран доьзалш къен а, хьоле а бацара, йуккъерчу тӏегӏанахь бехара.
Цхьаьнцца а хьагӏ-гамо, мостагӏалла а дацара церан. Амма уьш мел машаре белахь а, цара мел ца лехахь а, ден дегара охьа, церан кочара ца долура хӏара обаргалла.
Зеламхина ца хаьара, хӏокху Хорачах а, хорачойх а хӏун гӏуда хьаьрчина, Далла хьалха хӏорш стенна бехке хилла. Дала къармазалла йелла хӏокху хорачошна. Ницкъана, харцонна къарбелла, кӏелсовца ца лаьа царна. Къаьсттана Бӏаьхон тӏаьхьенна. Имам Шемал Нохчмахкахь шариӏат даржо а, чӏагӏдан а воьлча, массарах а къаьстина, цунна дуьхьалбевлларш а хорачой бара. Бӏешерашкара схьадогӏу къоман ӏадат шариӏатца хийца ца лаьара нохчашна. Амма буьрсачу имамах а, цуьнан къизачу муртазекъех а, чаьлтачех а кхоьруш, дуьхьало ца йеш, дегаза тӏеийцира. Беккъа цхьа хӏара къармазе хорачой боцчара. Хӏорш дуьхьалбевлира. Тӏаккха Шемала, Хорача а веана, коьрт-коьрта боьрша нах йуьртан майдана дӏагулбира. Уьш бертал охьа а бийшийна, хьокхашца бухйаьхна бошмийн керташ церан баккъаш тӏе а йехкина, царна тӏе а хевшина, ӏуьйрре дуьйна сарралц той диира муртазекъаша. Царна кӏелхьара нах берриг а белира. Цхьа Бӏаьхо воцург. Дийна висина Бӏаьхо шолгӏачу дийнахь герз карахь лаьмнашка вахара. Шемалах а, цуьнан муртазекъех а бекхам эца. Берхӏитта шарахь обарг лийлира Бӏаьхо.