Зеламха а, цуьнан накъостий а болу меттигаш йийца, уьш ӏедале схьало бохуш. Шайна лиъча а, цара муха ло хӏорш ӏедале? Схьа а лоьцуш, Сибрех дӏахьийсабо. Цигахь ша йаьккхина кӏеззиг хан а тоьъна Зеламхина, иза йовза. Гобаьккхина хьаннаш. Масех дийнахь некъ барх, йурт-м хьовха, атталла адам а ца гуш. Тесначу туйнах ша а беш шело. Мацалла, цамгарш. Хӏокху бовхачу махкахь виначунна, къиъначунна хала ма йу иза лан. Къаьсттана зударшна, берашна, къеначарна. Цига бахийтинчарех дуккха а белла, боху. Цунна бехке хӏара Галаев боху кхахьпа ду. Хӏорш санна, ламанхо ма ву иза. Ца хила а мега. Хилча, иштта къиза, йамарт хир вацара. Цхьа къотӏалгӏа йина хӏума хир йу. Амма тахана тӏаьххьара а гур бу цунна схьакхета малх…
Ши сахьт ду Зеламха, и ойланаш йеш, кхузахь хиъна ӏен. Амма цуьнан ши бӏаьрг секундана а дӏа ца болу гӏопан бешарчу гӏанта тӏе боьгӏначуьра.
Ӏуьйранна банехь довхачу хица лийчина, цкъа хьалха дегӏана, тӏаккха чомехь кхача биъна, гайна там а бина, улло ха а хӏоттийна, ша ӏеминчу садаӏа веара Галаев. Цунна тӏехь полковникан духар дац. Вовшашна ткъех гӏулч йукъ а йуьтуш, гӏашлойн некъаца маьънаш кӏел дӏахӏиттира салтий. Карахь тоьпаш а йолуш, гӏопан пена тӏехь а масех салти гучувелира. Гӏашлойн новкъа иттех минотехь чаболахь ведда а лелла, гӏанта уллохь а сецна, пхьаьрсаш дӏаса а сеттош, мосазза а хьала-охьа а таьӏна, гӏанта тӏе охьа а хиъна, бага цигаьрка йоьллира цо. Цунна уллохь цхьацца агӏор ши салти а лаьттара.
Полковникан йуьхь Зеламха волчу агӏор йирзина йара. Амма Зеламха ца сихлора бекхам эца. Цаьршинна йуккъехь пхи бӏе гӏулч йу. Иза цхьана дӏаьндаргаца гиччошка а тоьхна вен веза. Зеламхас, топ схьа а эцна, хьалха охьакхетта ӏуьллучу попан хена тӏе йуьхьиг а йиллина, ниша лецира. Тӏаккха шабаршца доцца доӏа дира:
– Хӏай ницкъ болу, нийсо йеш волу, къинхетаме Дела! Хӏара ас дагалаьцнарг бакъонца, нийсонца делахь, сан бӏаьрг серлабаккхалахь, сан дог а, куьг а чӏагӏделахь, хӏара ас дагалаьцнарг кхочушдан суна ницкъ лолахь…
Полковника аьрру агӏор лаьттачу моан стоммачу гӏодана лаха лаьцна тоьпан лаг уьйзира цо. Бассабелла патарма сихха ара а кхоьссина, цуьнан метта керланиг биргӏанна чу а