бахийтина, йуха а ниша лецира Зеламхас. Тоьпан тата долуш а хезна, моан диттах цхьа хӏума кхетча санна а хетта, ши салти а, полковник а диттана тӏебирзира. Хӏинца полковникан аьтту гиччо Зеламхехьа схьадирзира. Зеламхас, лерина ниша а нисдина, тоьпан лаг уьйзира. Полковник ша хиъна ӏаччохь, гӏантан гӏовлица шершина, дӏахаьрцира. Гӏашлойн некъаца ха деш лаьттина салтий цунна тӏехьаьлхира.
Зеламха, хьала а гӏеттина, шен топ ги а тесна, диттийн генаш дӏаса а тоьттуш, хьуьнхахула меллаша лома дӏавахара.