хьала ца валалучу лаьмнийн баххьаш тӏехь йина бӏаьвнаш. Цкъа-делахь, бӏов йуттуш биллина хӏора а тӏулг, нийсачу меттехь а маситта стаге меттахбаккхалур боцуш, боккха бу. Шолгӏа-делахь, и хӏора тӏулг, шера цостуш, беакӏов тобина бу. И болх беш хала а, дукха а къахьега деза. И болх-м хӏора дийнахь къахьоьгуш, шарахь а, итт шарахь а кхочушбийр бара. Амма оцу лаьмнийн баххьашка уьш хьала а муха даьхна, нийса хьажош дӏа а муха дехкина? Уьш вовшашца къовлуш, йукъа йоьттинарг а хӏун йу? Цунах ца кхетара Зеламха, мел дукха ойлайарх.
И бӏаьвнаш дукха йара кхузарчу лаьмнашкахь. Лахахь бух шуьйра, лакха мел йолу гатйеш, биъсенара, бухь ира а болуш. Цхьайерш – масех гӏат а долуш. Бӏаьвна чу цхьаъ бен неӏ йацара, амма кораш масех дара. Кораш аьлча а, гаттий ӏуьргаш. Баккхийчу наха дуьйцура Зеламхина, цхьана заманахь, мостагӏий йарташна тӏелетча, бахархоша, оцу бӏаьвнаш чу а къовлалой, тӏом беш хилла бохуш. Зеламхас ойла йора: ванах, массо а заманахь а, тахана санна, вовшашца къиза, тӏемаш беш, вовшийн дойуш хилла-кх адамаш. Маьрша, машаре даха йиш йоцуш…
Кхузахь гора шогачу тӏулгех доьттинчу цӏенойн йа кхечу гӏуллакхна лерина йинчу гӏишлойн йисина херцораш. Тӏулгаш тӏе карс йаьлла, цхьайерш коьллаша хьулйина. Къаьст-къаьстана а, цхьана гулахь а – кешнаш. Заманан йохалла меттигаш текхаш а, хин ӏовраша а даьстинчу кешнаш чохь шуьйра, йаккхий, стаммий тӏулгийн экъанаш гора. Уьш упханийн метта йохкуш хилла хир йу аьлла, ойла йира Зеламхас. Хетарехь, оцу заманахь и бӏаьвнаш йинарш а, оцу кешнашка дӏадоьхкина а адамаш наьрташ хилла хир ду, ца хилча, оццул даккхийчу тӏулгех и бӏаьвнаш йалур а йацара цаьрга.
Ӏасса хин лакхенца, мелла а йаккхийчу йарташна йуьстах лекхачу лаьмнашна йуккъехь, хин жимачу тогӏехь масех цӏийнах лаьттачу гӏалгӏайн кӏотарахь Зеламхин доьзал болу шо гергга хан йара. Хетарехь, кхузахь гӏалгӏай бехаш хилла масех бӏе шо хьалха дуьйна. Цунна тоьшалла дара оцу жимачу тогӏехь, гӏарол санна, лаьтта лекха ши бӏов.
Селхана Аюб вара кхуза ван везаш. Иза ца веача, цунна сагатделла, кхуза богӏу цхьана болу готта некъ тергалбеш, лекхачу торха тӏе охьа а хиъна, Зеламха ӏен ши сахьт сов хан