йаьллера. Аюбах дог а диллина, малх гӏушлакха баьлча, делкъан ламаз дан а, делкъе йан а цӏа веара иза. Керта-арахь кхо ког болчу аьчган очакха кӏел йогуш цӏе а, цу тӏе оьллина, йуькъа ӏаь туьйсуш кхехкаш, чуьйнан йай а бара. Голаш тӏе а лахйелла, текха чохь ахьаран межаргех хьолтӏамаш йеш йоллура Беци. Цӏестан йоккхачу чари чохь бедарш йуьттуш йолчу Зезагна уллохь хабарш дуьйцуш хиъна ӏара хӏорш тӏебиссинчу хӏусаман нана. Дехьо ловзуш бераш дара. Цхьана тобанехь – Муслимат а, Энист а, вукху тобанехь – Мохьмад а, Лом-ӏела а, шина а тобанца кхузара церан нийсархой а. Хӏокху кӏотарара и сурт гича, моьттур дара дуьненахь цхьанххьа а герз а дац, паччахьаш, ӏедал, эскарш, набахтеш а йац, адамашна йукъахь мостагӏалла а дац, ткъа Бецин а, Зезаган а кийрахь бала а бац.
Бийсолта цӏахь вацара. Хӏокхеран ши йетт а, кӏотарарчу нехан бежанаш а лохкий, ӏуьйранна лаьмнашка воьдура иза. Бежанашна-м ӏу ца оьшура. Лаьмнашкахь талла а, нийсалла герз кхийса а воьдура Бийсолта. Стомара кӏентан кхиамаш ша зийра Зеламхас. Жима велахь а, Бийсолтин куьг чӏогӏа, бӏаьрг сирла карийра цунна.
Зеламхина сихха хаьара ӏедало шена дуьхьал дӏа мел баьккхина ког. Кхо де далале хиира цунна Буру-гӏалахь хьолахойн гуламехь хилла сацам а, областан начальникан омра а, цо Вербицкийна тӏедехкина декхарш а. Гуьмсе базарахь хилларг оцу дийннахьехь хиира. Хӏинца Вербицкийн отряд шена тӏаьхьа таллар доло кечлуш хилар а хаьара. Газеташ тӏехь зорба тоьхнарг Аюба доьшура цунна. Бакъду, газеташ обаргашна тӏекхачале, дукхахьолахь, цхьана кӏиранна ширлора.
Делкъан ламаз а дина, пхьор а диъна дӏатевжина, цхьана сохьтехь са а даьӏна, турмал коча а тесна, ша хьалха хиъна ӏийначу лома тӏе хьалавелира Зеламха. Цо сих-сиха турмал лоцура ломан терхешна тӏехула сетташ, хьийзаш хьала болчу, кхуза богӏуш цхьаъ бен боцчу готтачу некъа тӏе. Эххар а оцу новкъахь гучувелира ши бере. И шиъ некъаца гӏарол деш волу хӏорш тӏебиссинчу хӏусамдайн кӏант Торшхо а, Аюб а бен хуьлийла а дацара.
Аюб кхачанах кхетийтина вуза а вина, цуьнца йуьстахвелира Зеламха.
– Хӏинца схьадийцал, хӏун ду керла? – хаьттира цо Аюбе, цӏа чохь шаьшшиъ цхьа висча.