цхьанхьа пурстоп ву бохуш, хезна суна.
Зеламхас къамел паргӏат дахь а, Аюбана гора цуьнан хьаьжа йуккъе хӏоьттина шад а, дусаделла цӏоцкъамаш а, йукъ-кара чӏоггӏа тӏеттӏатаӏайо цергаш а. Зеламхин дог, дарделла, кхехкара.
– Вербицкий мичахула лела, вайна хууш ду. И эпсар а каро веза. Хӏинца, охьа а вижий, дика садаӏа, суьйранна Соьлжа-Гӏала ваха новкъа вер ву вайша.
Аюба, хӏунда аьлла, ца хаьттира цуьнга. Аюбана хаьара, хӏунда воьду. Зеламхас шен дагахь кхел йинера Вербицкийна…