Аллахӏан новкъахь шайна дуьхьал тӏом бечаьрца тӏом белаш, шаьш тӏекхаьчначохь уьш байалаш, шаьш цара арадаьхначуьра уьш арабахалаш…
Къуръан. 2 Сура, 190-191 айат
Зеламха собаре стаг вара. Шена хазахетар хилча, иза дуьйцуш воьлуш а ца хуьлура, халахетар, бохам хилча, иза балхош, цӏийзаш а, чӏеӏаш а ца лелара. Иза а, важа а шен кийрахь къовла а, дагара ца хаийта а доьналла дара цуьнгахь. Вербицкийн кехат дешча, оьгӏазлоно буьзна, кӏеж туьйсуш, кхехкара цуьнан кийра. Нохчийн халкъана хьалха-м хьовха, Кавказан, йерриг а Россин халкъашна хьалха эхь динера цунна Вербицкийс. Иза дуьтийла ма йац. Цунна хьакъ доллу жоп дала ма деза Зеламхас. Иза реза ву атаманах лата. Муха ца хуьлу. Зеламхас шеца цхьа а накъост вуьгур вац. Ша бахьана долуш накъосташна бохам хуьлийла ца лаьа цунна. Тӏе, Вербицкийс шех цхьаннах лата вола а ма боху. Зеламха ша летар ву цунах. Зеламха ма ву оцу хьакхано сийсазвинарг. Шен куьйга бекхам оьцур бу цо.
Хӏаъа, Вербицкийна жоп йаздан дезара. Аюба йаздича а тарлора, гӏаддайча. Аюб шозза набахтешкахь, Сибрехь ссылкехь хилла. Шоззе а ведда цӏа веана. Шозлагӏа цӏа веача, хӏетахь Зеламхин тобанехь хиллачу Абубакарехула обаргех схьакхетта. Аюб хьекъале, доза доцуш майра кӏант ву. Цунна оьрсийн йоза-дешар а, мотт а хаьа. Зеламхин аьтту куьг ду иза. Добровольскийга, Галаевга, Дудниковга, кхечаьрга а йаздина кехаташ Аюба а, Бетарсолтас а йаздина цунна. Ткъа Пачхьалкхан Думе Мутушгӏеран Ахьматхана йаздина. Ахьматхан, Петарбухехь а, Москох а лоруш, гӏараваьлла абалкат ву. Иза тахана хӏокху махкахь вац. Германа-махкахь ву, боху. Иза цӏа верзаре хьоьжуш ӏойла ма дац Зеламхин. Вербицкийна сихха жоп дала деза. Газетехула. Россин массо маьӏӏехь довзийта. И жоп говзачу оьрсийн маттахь хила деза. Иштта йаздан хьан-хьанна а хуур дац.
Дикка ойла йинчул тӏаьхьа Шерипгӏеран Жамаьлдин Деналбекана тӏехь сецира Зеламха. Иза Соьлжа-Гӏалахь вехаш ву. Цуьнан хӏусамехь кест-кеста хуьлу Зеламха. Вежарша везаш тӏеоьцу иза. Шайх дагаваьлча, хьекъале хьехар а ло. Зеламхин де эшча, дукхазза а гӏо а дина.
Сатаса гергадахча, Тӏехьа-Мартантӏе кхечира Зеламха а, Аюб а.