Тӏулган бердашна тӏе герз деттар эрна дуйла а хиъна, шайна кхин а алсам дараш хилале, байъинарш а, чевнаш хилларш а говраш тӏе а бехкина, йухайирзира отряд.
Иза тоьпан дӏаьндарг тӏе ца кхоче генайаьлча, биргӏа йохйеллачу тоьпан хен лаьтта а хӏоттийна, отрядан тӏаьххьара салти гучуьра валлалц цунна тӏаьхьахьоьжуш лаьттира Зеламха. Тӏаккха, тӏом болабалале санна, ши куьг доӏина а лаьцна, лаьмнашна тӏехула дӏа стигала ши бӏаьрг а боьгӏна, мохь туьйхира цо:
– Хӏай Аллахӏ, тхан ницкъ болу, къинхетаме, комаьрша Дела! Оха хастам бо-кх хьуна, оцу керстанашна тӏехь толам баккха ахь тхуна ницкъ баларна!
Важа кхо накъост шайна тӏе схьавеача, лаьмнашка хьалавахара Зеламха.
Ӏассан чӏожахь тийналла хӏоьттира, цкъа а тӏом ца хилча санна.
Хьан локхалле хоуьйту, 20-чу сентябрехь Гушмазукаев Зеламхин доьзал йийсаре балийна йогӏучу Дагестански полкан йалх сотнина делкъан хенахь, цӏорхойн тайпана Ерш-кӏотарна уллохь, ӏасса-хин готтачу чӏожахь кӏело а йина, Зеламхин обаргаш тӏелатар.
Исс сохьтехь хиллачу тӏамехь байъина: Несаран округан начальник, гвардин ротмистр эла Андронников, Кавказски саперни батальонан поручик Афанасьев, Дагестански полкан йолхалгӏачу сотнин 5 дошло, Теркан милицин милиционер Циганков, некъ гойтуш хьалхаваьлла цӏорхо Мишхиев, шамхойн тайпанан цхьа стаг. Чевнаш йина: Дагестански полкан йолхалгӏачу сотнин командирана ротмистрана Донагуловна йиъ чов йина, оцу сотнин пхеа дошлочунна а, Теркан милицин милиционерана Козловна а чевнаш йина. Итт говр йийна, йеанна чевнаш йина.
Тӏеман дакъалацархоша дийцарехь, цхьа обарг вийна, цхьанна чов а йина. И ший а накъосташа шайца дӏаваьхьна.