Доттагӏий уьш бу-кха, вайн гӏоьмаш шайн коча эцнарш…
Хисроу
Ӏассан тӏай тӏехь хиллачу тӏеман жамӏаша карзахваьккхинера инарла Михеев. Хӏара тӏаьххьара операцин кхоллархо а, цуьнан коьртехь хилла а эла Андронников вийна. Кхин масех эпсар а, ах бӏе сов салтий а, гӏалагӏазкхий а байъина. Чевнаш хилларш кхин а дукха бу. Байъина а, чевнаш хилла а дегӏастанхой, кхиболу туземцаш цо хьесапе а ца оьцу. Андронниковн уггар йоккха дегайовхо хилла ротмистр Донагулов? Массарна а хаьа, Зеламхас иза, ца вуьйш, чов а йина, хӏунда витина! Боьршачу стеган уггар дозаллин меже а аьтта, витина! Иштта дийна вуьсучул, веллехь гӏоли йара цунна. Хӏинца дуьненан самукъанах дӏахаьдда иза.
Инарла карзахваьккхинарг кхин дара. Андронниковн хьехамех а тешна, цунна тӏе а тевжина, наместникана ша делла дош, шен коча эцна тӏелацамаш а. Хӏинца цунна дуьхьал муха хӏотта веза иза? Йалх разбойнико а, цхьана бератӏорзано а йухабаьхна рота салтий, гӏалагӏазкхийн а, дегӏастанхойн а дошлойн ши бӏо! Йухабаьхна ца ӏийна. Оцу ворхӏанна хьалхара эхье бевдда. Шен ирс ду веллачу Андронниковн. Дийна висинехь, оцу эхьан сет тӏехь лело дезара цуьнан ша велла дуьненара дӏаваллалц!
Шен кабинета чуьра дӏа йолчу неӏарехула зала чу а ваьлла, хьаьжайукъ хабийна, бурсане хьаьрса цӏоцкъамаш а дусийна, дуткъий балдаш тӏеттӏа а таӏийна, вахана, стоьла улло дӏахӏоьттира иза. Начальник чувеача, хьалагӏевттира зала чуьра нах. Гӏалгӏайн йартийн йуьртдай, имамаш, къеданаш, халкъо лоруш болу къаной а. Михеевс, вист а ца хуьлуш, охьаховша аьлла, куьг ластийра цаьрга. Тӏаккха царна тӏехула оьгӏазе бӏаьрг туьйхира цо. Холхазан куйнаш, туркойн песаш, ӏаьрбийн чалбанаш. Детица бустамаш кхелина гозарш йолу машин чоэш, исхаран, атлазан гӏовталш, башлакхаш. Ӏаьржа, кӏайн, цӏен гӏина диллина а, йехий, йоций, шуьйра а мажош. Тайп-тайпана тодина мекхаш.
Зала чохь тийналла хӏоьттича, парггӏат, буьрсса къамел долийра Михеевс: