Суьйранна герзаш деттар лагӏделира, буьйсанна шийтта сахьт даьлча дӏатийра. Хьехара схьа йукъ-кара топ тухура Зеламхас. Шолгӏачу дийнахь, ӏуьйранна йалх сахьт даьлча, йуха а дӏадолийра хьеха тӏе герз деттар. Кхоалгӏачу дийнахь ӏуьйранна хьехара схьа герз ца тухура. Прапорщика Гамиевс, Зеламха хьехахь вац, моьтту шена, элира соьга, цу чу хьажа шена пурба а дийхира цо. Хьеха хьалаваьллачу Гамиевна чохь Зеламха ца карийра…
…Хӏара дерзош, хьан Локхалле сайна хетарг алар сайн декхар хета суна. Нохчийн халкъо, къаьсттана хорачоша, правительство эхь ца хеташ сийсазйаран а, хьийзоран а йист йаккха йеза. Кхойтта шарахь даош-малош, шайн хӏусамашкахь цунна туш луш, иза ӏедалан таӏзарх ларво цара. Зеламха къайлаваьлла ӏийна хьех Хорачана кхо чаккхарма уллохь йу. Ткъа оцу хьехана 600 гӏулч гергахь йу хорачойн гӏотанаш. Хорачошна дика хаьара и разбойник цигахь вуйла. Хаарал совнаха, хӏора сохьтехь хаддаза цуьнца уьйр латтайора цара. Нохчийн интеллигенцин политиканашна а, шайхашна а разбойник ца хета Зеламха, ткъа правительствона дуьхьал, Нохчийчохь оьрсийн ӏедал чӏагӏдаларна дуьхьал къийсам латто шайн карахь ира герз, халкъан майра, турпала, гӏараваьлла имам лору цара иза. Цундела Зеламха ӏедале схьавала цхьа кӏира хан йала йеза хорачошна. Нагахь санна и хан чекхйалале цара Зеламха ӏедале схьа ца лахь, Цуьнан Воккхаллин императорна, государана уьш дуьхьал хиларе терра, Хорача йохийна, иза хилла меттиг лаьттаца дӏашарйан йеза аьлла, хета суна.