Цу Делан мостагӏаша
Даймахках къастийна,
Мацалло, шелоно,
Балано гӏелдина,
Дела ша воцуриг
Кхин накъост ва воцуш,
Бӏарзделла лела тхо
Сийначу Сибрехь…
Халкъан илли
Баккхий бохамаш ца хуьлуш, кегийнаш собаре ловш, цхьанаэшшара дӏадоьдура Гати-Юьртахь дахар. Гӏалгӏайн махкахь санна, луьра таӏзарш ца дахь а, нах лоьцуш, йарташкахула кхерстара таӏзархойн отрядаш. Цунна дуккха а бахьанаш карадора ӏедална. Къаьсттана сагатдора Зеламхин тобанера обаргаш а, гӏарабевлла къуй а, талорхой а схьабевллачу йартийн. Шолгӏа, пачхьалкхан налогашна а, кхечу такхамашна а декхаре йолчу йартийн. Нохчмехкан йерриг йарташка кхаьчнера, Нелхе, Коке, Цӏорхе йохош, цигара бахархой Сибрех бахийтина боху хабар.
Кхо шо хьалха Зеламхас Ведана округан начальник, полковник Галаев вийча, кхузарчу йарташкара 16426 сом ахча даьккхира Зеламха а, цуьнан герггара гӏоьнчий а, дийна йа байъина, ӏедална тӏебалийначарна дала. Ткъа хӏокху шарахь бӏе эзар сом даьккхира Нохчийчохь а, Гӏалгӏайчохь а латто эскарш кхаба. Цул совнаха, пачхьалкхан декхарш дӏа ца текхначу, йа ӏедална муьтӏахь йоцчу, йа кхечу гӏуллакхашца ӏедална хьалха бехке хиллачу йарташка эскарш хӏиттадора. Йарташа уьш кхаба дезара, царна хӏусамаш а, кхача а, ткъа церан говрашна докъар а, хӏоъ а латтош. Тӏе, уьш дӏасакхалхош, царна ворданаш латто а йезара. И дерриг а маьхза, цхьа а тайпа баркалла а, пусар а доцуш.
Саьӏадан а, ӏабдин а, йуьртарчу кхечу хьолахойн а гӏоьнца пачхьалкхан декхарех цӏанбеллера гатийуьртахой. Амма Зеламхин тобанехь волу Доша а, Хьомсуркъа а йуьртахошка схьавоьхура ӏедало. И шиъ схьа ца лахь, церан гергарчеран цӏенош даго а, уьш доьзалшца цхьаьна Сибрех бахийта а кхерам туьйсура. Иза кхочушдан а, йуьртана таӏзарна а шина баттахь гергга дошлойн эскадрон латтийра кхузахь.
Шаьш мел къен белахь а, и салтий кхаба хала ца хетара нахана. Царна садетта халаниг кхин дара. Керстанаш шайца цхьана кертахь, цхьана тхов кӏел бехаш хилар. Нишка боьлхуш хи ца леладо. Хьотӏан гӏуллакх ирахь до, атталла хьаштагӏ чу а ца боьлхуш, букъ берзабой. Зударшна а, берашна а гуш.