Масех де даьлча, Хонкарна дуьхьал тӏом болийра Болгарис, Грецис, Сербис. Тӏеман хьалхарчу баттахь баккхий эшамаш хилира туркошна. Цунна даккхий бахьанаш а дара. Цхьана агӏор – Италица, вукху агӏор союзникашца – шина фронтехь тӏом бан дийзира церан. Цул совнаха, тӏеман ницкъаш алсам бара союзникийн. Церан 603 эзар тӏемало вара, ткъа туркойн – 412 эзар. Тӏе, союзникийн эскарш низамехь а, эпсаршца, герзашца дика кечдина а дара. Союзникашна доккха гӏо дора тӏом дӏабоьдучу мехкашкахь дехарш цаьрца цхьана къомах, цхьана динехь, цхьа культура йолуш халкъаш хиларо а.
Ноябрехь союзникаша дӏалийцира Европин махка тӏера туркойн провинци. Грецин флото, цхьамогӏа туркойн гӏайреш дӏа а лецна, Дарданеллана блокада йира. Болгарин эскарш 35–45 чаккхарма герга даьхкира Истамбулана. Амма туркойн аьтто хилира уьш цигахь совцо.
Антантан союзана ца лаьара оцу тӏамехь Хонкара оьшийла, Балканашкахь Болгарин, Грецин, Сербин олалла хӏуттийла а. Къаьсттана иза ца лаьара цигахь генна йоьлхуш ӏалашонаш йолчу Россина. Бӏешерашкахь цо сатийсинера Босфорна а, Дарданеллина а, Средиземни хӏордана а тӏехь шен олалла хӏотто. Балканашкара грекаш а, шен вежарий-славянаш а оьрсийн ӏаткъамна кӏел латто. Хонкаран малхбалехьара дакъа шен дола даккха. Оцу агӏор туркойн эшамаш хилар а, иза хӏокху тӏамехь гӏорасиз хилар а Россина аьтто болуш санна хетара. Амма Балканашкарчу славянийн йозуш йоцу пачхьалкхаш ницкъаца чӏагӏйелча, уьш Австрин, Германин ӏаткъамна кӏел йахча, гуттаренна а Россин буйнара маршайовлура. Тӏаккха Россис гуттаренна а дог дилла дезара шен исторически сатийсамех, ӏалашонех. Цундела Россис хӏокху тӏамехь герзан ницкъашца гӏо ца дора вежаршна-славянашна. Делахь а дуккха а оьрсийн лаамхой бара, грекийн, сербийн, болгарийн эскарийн могӏаршка а хӏиттина, туркошна дуьхьал тӏом беш. Паччахь а, правительство а йуьстахлаьттара оцу тӏамна.
Шолгӏа-делахь, вежаршна-славянашна гӏоьнна оьрсийн эскар а дахийтина, Росси оцу тӏамна йукъайахча, Кавказера халкъаш шайн маршонехьа гӏовттарна кхерам а бара. Нохчийчоь гӏоттург хиларан-м цхьа а тайпа шеко йацара.