Тӏаккха ламанан важа халкъаш а нохчех дӏакхетар дара. Хӏокху тӏаьхьарчу шина бӏешарахь оьрсийн-туркойн тӏом мосазза хуьлу иза дина ламанхоша. Нохчий авангардехь а болуш. Тӏе, даим Россина муьтӏахь, тешаме хилла гуьржий а, эрмалой а, азербайджанцаш а карзахбевлла хӏокху тӏаьхьарчу шерашкахь. Шаьш, Россех дӏа а къаьстина, шайн йозуш йоцу маьрша пачхьалкх кхуллу бохуш.
Цундела болгарийн эскарш Истамбулана герга гӏоьртича, Россис шена и тӏом саца лаар хаийтира цаьрга.
1912-чу шеран декабрехь Антантан долорца Лондонехь хиллачу конференцехь, и тӏом сацош, машаре барт бира. Делахь а, кестта и барт бохийра, Истамбулехь правительствон карчам а бина, ӏедалан коьрте баьхкинчу младотуркаша. Уьш реза бацара, хӏокху тӏамехь союзникаша дӏалецна Европера Хонкаран провинци цаьргахь а йуьтуш, бинчу бартана. Хӏинца, 1913-чу шеран июнехь, туркоша болийра и тӏом. Туркойн аьтто болуш а нисбелира иза. Союзникийн барт боьхнера. Барт боьхна ца ӏаш, цхьаболчара вовшашца тӏом а болийнера.
Шийла йара Петарбухехь декабран буьйса. Дуькъа тӏедуьллу ло чехкачу махо цкъа хӏаваэхь ловзадохура, лаьтта кхаьчнарг лоьллуш тротуарашна а, диттийн баххашна а, цӏеношна а уллохь саьнгарш хӏиттош, дӏагулдора. Тӏедиллинчу лайх чекх гӏийла серло лора урамашкарчу чиркхаша. Цхьацца гӏуллакхашна цӏера арабийлина нах, пальтонийн, кетарийн кочмаш хьала а хӏиттийна, куйнаш ма-хуьллу кортош тӏе а таӏийна, дорцаца къуьйсуш, цӏехьа сихбеллера. Шайна дуьхьал нисбеллачу нахе, некъ бита бохуш, маьхьарий хьоькхура извозчикаша. Саьнгарш йохуш, меллаша хьалха дӏагӏертара автомобилаш.
Гӏали йуккъехь, Нева йистехь, хазачу архитектурехь йинчу жимачу особнякан библиотекин цӏа чохь даарех, маларех йоьттинчу стоьла хьалха, лекха гӏовланаш йолчу кӏедачу креслош чу а воттавелла, дуьхь-дуьхьал хиъна ӏара ханна воккхо ши стаг.
Лоха, стоммачу дегӏара, кӏесаркӏаг болчохь тӏехьа бен месаш йоцуш боккха корта а, дуькъа кӏайн цӏоцкъамаш а, шуьйра мераӏуьргаш йолуш, стомма мара а, йеха кӏайн маж а йерг хӏокху особнякан да, профессор Петр Иванович Ковалевский вара.