Зеламха вийна аьлла хезча, цхьа а ца тешара. Хӏокху тӏаьхьарчу шина шарахь и хабар мосазза а даржийнера зорбано. Зеламхех лаьцна муьлхха а эладита, иза бакъ хилар ца толлуш, зорба тухура столицин «Русские ведомости», «Голос Москвы», кхечу а газеташа. Вийна аьлла а, ведда Хонкара вахана аьлла а, йаздинера мосазза а. Цундела хӏинца баккъал а иза вийна аьлла, даьржинчу хабарех ца тешара. Цхьаберш, эладитанех боьлла, тешамза бевллера, дукхахболчарна теша ца лаьара шайн турпал, орцахо вийна бохучух. Цундела Зеламхин дакъа, Шела а деана, базаран майдана охьадиллича, Нохчийчоьнан массо маьӏӏера адамаш даьхкира цуьнга хьовса.
Оцу дийнахь цхьана гӏуллакхна Шела вахана Овхьад а нисвелира цига.
Шочан тишачу черта тӏе, коьрта кӏел хьарчийна цуьнан чоа а диллина, лаьтта охьадиллина ӏуьллура иза. Аьтту пхьарс, гоьлехь сеттинчохь, дегӏан дохалла дӏахецна, аьрру куьг айдина гай тӏе диллина, настарш нисйаза, дӏасаоьзна йара. Берзина аьтту ког раз бижина, аьрруниг ирх берзийна. Тӏейуьйхина сийначу исхарин гӏовтал, сийначу лаьстиган хеча. Ӏаьржачу холхазан куй, коьртана уллохь, лаьттахь ӏуьллура. Оза йуьхь, чукхетта беснеш, буткъбелла мара. Хьаьж лакхадаллалц месаш йацара коьрта тӏехь. Бӏаьрнегӏарш тӏекъовлаза, хӏиттина севцца ӏаьржа бӏаьргаш. Дукхахенахь дуьйна дашаза, сирдала доьлла ӏаьржа маж-мекх.
Кхузахь хуьлучун суьрташ дохуш, аппарат айъина лелара Соьлжа-Гӏалара веана фотограф. Уьш цуьнгара безчу мехах дӏаоьцур ду газеташа. Кхуза баьхкинчу наха а. Хӏара де дагахь лаьттар ма ду царна шайн йерриг оьмарехь. Бераша а, берийн бераша а дозаллица гойтур ву вийначу Зеламхина уллохь лаьтташ шайн да, ден да.
Уггар хьалха шайн суьрташ дахийтира Зеламха вуьйш дакъалаьцначу гӏалагӏазкхаша а, дегӏастанхоша а. Докъа тӏе а хӏиттина. Дукхахболчарна тӏехь бустамаш детица кхелина чоэш дара. Ирахӏиттина каьчнаш, логехь ветанаш долу кучамаш. Коьртахь кхакханан месала а, холхазан а куйнаш. Бӏагӏара тодина мекхаш.
Цкъа Зеламха ма-ӏиллара суьрташ дехира. Тӏаккха цуьнан патармийн гӏап раз коча а тесна,