топ гай тӏе а йиллина. Тӏаккха лекха гӏовла а йина, даржийнчу вертан тӏе дӏатовжош дакъа охьа а хаийна. Некха тӏехь морзахйохуш, патармийн ши гӏап йихкина. Голаш тӏе пурх топ йиллина. Цхьана буйна браунинг йоьллина, йукъах шаьлта а йихкина. Цкъа берриг эпсарш, дошлой докъа тӏе а хӏиттина. Тӏаккха эпсарш шаьш къаьсттина. Тӏаккха, шайна луурш, масех стаг цхьаьна а кхеташ. Массанхьа а могӏарехь хьалха хӏуьттура Каралов, Моргания, Абдуллаев, кхиболу эпсарш а.
Овхьадан даг чохь даиманна а дисира цара даккхийтина цхьа сурт. Автомобилахь кхуза далийна цхьа къона зуда а, йоӏ а, кӏант а. Оза, йеха йуьхь йолуш, лекхачу дегӏахь, ткъе пхийтта шо хенара зуда. Цунна тӏехь йеха ӏаьржа коч а, дегӏах хьарчош коьрта тиллина кӏинж йолу довха, доккха кортали а дара. Дуткъа дегӏ, хаза йуьхь-сибат долчу, вуьрхӏитта-берхӏитта шо хенарчу йоӏана тӏехь баьццара йеха коч а, коьртахь чечакх йолу доккха, кӏайн кортали а, аьрру куьйгахь хьарчийна буйна къевлина мерах хьокху йовлакх а дара. Ворхӏ-бархӏ шо хенарчу кӏентан коьртахь холхазан лоха куй, тӏейуьйхина кочана а, пхьуьйшашна йукъахь а, гонаха а холхазан асанаш лаьцна, дуткъачу машин йеха пальто йара.
Овхьадана уллохь лаьттачу цхьана стага элира, и зуда Зеламхин вешех Солтамурдах йисина Зезаг а, бераш Зеламхин йоӏ а, кӏант а ду аьлла. Уьш Зеламхин докъа тӏе а хӏиттийна, зудчуьнга хаттар дира Караловс. Зудчуьнга цо хӏун хаьттира, ца хезира Овхьадана, хетарехь, и вийна ӏуьллург Зеламха вуй бохуш, хоьттура. И гӏуллакх чекхдаьлча, Караловс дӏа ца хийцира зуда а, ши бер а. Сийсара йинчу операцин декъашхой – гӏалагӏазкхий а, дегӏастанхой а – тӏе а гулбина, Зеламхин докъана улло дӏахӏиттийра цо. Царна хьалха, Зеламхин коьрте дӏахӏиттийра Зезаг а, ши бер а, цхьанхьара схьайалийна цхьа йоккха стаг а. Фотограф церан суьрташ дехира.
Овхьад цецвуьйлура оцу наха лелочу акхачу къизаллех. Ден докъа тӏе ши бер а хӏоттийна, ткъа иза вийна шаьш царна тӏехьа а хӏиттина, суьрташ дохуьйтура цара. Цхьана а тайпа бехк-гуьнахь доцчу оцу шина берах къахетар, доглазар, цаьрца гӏиллакх лацар а дацара. Эхь-бехк, оьздангалла хӏун йу ца хууш, къиза, акха адамаш дара уьш.