цхьана пачхьалкхехь и тайпа акха гӏиллакхаш лелаш цахилар дӏахоуьйту ас халкъе. Оцу пачхьалкхашкахь, кхетамечу къаьмнашлахь муьлхха а зуламхо ӏораваьккхина, ӏедале дӏавийцина, суьдехь цунна тоьшалла дина стаг халкъо лоруш а, сий деш а ву. И шайн акха гӏиллакхаш а дитина, дуьненарчу массо а пачхьалкхаша, массо а къаьмнаша тӏелаьцна кхочушдо законаш а, гӏиллакхаш а аш лерахьара, кхочушдахьара, шуна йукъахь къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш а хир дацара.
1858 шо. 25 февраль. № 13.
Халкъе дӏахаийта зуламийн зама дӏайалар, къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш дечарна таӏзар а деш, хьанала къахьоьгуш, Далла хастам а беш даха дезар.
Нохчий! Шуьгахь хьекъал а ду, шун могашалла а йу, шун дика латта а ду, аш болх бахьара, хьанала къахьегахьара, шу хьоле, шун дахар ирсе хир дара.
Наибаш, йуьртдай, къаной! Сан дехар ду шуьга. Шу халкъо лоруш нах ду. Паччахьан лаам халкъе дӏакхачо а, халкъ цунах кхето а декхар ду шун. Къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш а дитина, вовшашца девнаш а дитина, нохчийн халкъ хьанала къа а хьоьгуш, бертахь, машаре даха лаьа паччахьана.
…Оьрсашца машар цахиларе кхойкхучу молланийн хьехамаша доккха зулам до нохчийн халкъана.
1859 шо. 14 январь. № 6.
Гӏуларой! Шуна йукъахь ши стаг ву шуьга ӏедална, хьаькамашна муьтӏахь цахиларе кхойкхуш; чӏогӏа а, дукха а маьхьарий хьекхарна, аш хьекъале а, ӏелам а лоруш. Аш цаьрга лерина ладоьгӏча, и шиъ мел воккха ши ӏовдал а, зуламхо а ву, хуур дара шуна.
1860 шо. 7 январь. № 1.
Къушна гӏожмаш тухуш, ас таӏзар дайтарна нохчий реза бац бохуш, хезна суна. Цхьа а таӏзар а ца деш, маьрша буьтийла ма дац уьш. Цундела наибашка омра до ас: йарташкахь халкъ гулдай, хатта, къушна гӏожмаш а тухуш, таӏзар дан лаьа шуна йа уьш Сибрех бахийта лаьа шуна? Халкъана луург суна тӏекхачаде.