Буьйса. Некъо валий со кху эвла.
Диллинчу корах схьайогу серло.
Кхуьнга сатуьйсуш геннара веана
Со лаьтта, ладоьгӏна гӏовгӏане…
М. Мамакаев
Эзар исс бӏе пхоьалгӏачу шеран чиллин шийлачу буса Гати-Юьрта вуьйлира цхьа некъахо.
Бутт гӏушлакха баьллера. Куьйга дӏасакхийсича санна, стигалахь даьржинчу седарчаша серладаьккхинера лайн кӏайчу шаршуно хьулдина ӏалам.
Хан йоцчу хенахь баьссачу урамехула воьдучу некъахочо безза ког боккхура. Хеталора, цуьнан когарчу йомеш летийнчу, тишачу, йаккхийчу валенкаша иза, йуха а озийна, аркъал охьатухур ву. Гӏорийнчу валенкаша а, цо лаьтта луьйзучу шогачу гӏожо а, ког мосазза боккху цӏийзачу лайн гӏовгӏано а, наггахь тухучу йекъачу йовхарша а меттахъхьедора шиний агӏор керташкара жӏаьлеш. Амма уьш, шаьш ӏохкуш йохйина меттиг а йитина, ураме довла мало йеш, дегаза жимма багош а тухий, дӏатуьйра.
Букар хьаьвзина воьду некъахо, ураман некъаш къаьстачохь йа морзахдовлучохь соций, шен дегӏ а нисдой, гонаха бӏаьрг бетташ, цхьана ханна хӏуттий лаьттара, тӏаккха, доккха са а доккхий, шен ги тесначу стоммачу гатанан тӏоьрмиган доьхкарш белшашкахь нисдой, меллаша дӏаволалора. Йуьрта йуккъе мел гӏоьрти, лагӏлора цуьнан болар, сецар а дукха хуьлура.
Эвла йуккъерчу рузбанан маьждигна тӏенисвелча, буйна къевлинчу хьозанан санна, чехка тохаделира цуьнан дог. Говзачу куьйгаша цистина тӏулг нийса хьажош доьттина хӏара маьждиг а, лаккха хьалайахана момсар а бодашкахь лехнера цо, ша йуьртана герга гӏоьртича. Амма бӏаьрса гӏелделлачу цунна генара ца гира уьш, ша царна тӏеӏоттаваллалц.
Маьждиган майданара дӏасадоьлхучу некъашка бӏаьрг а тоьхна, тӏаккха дуккха а тилавелла леллачул тӏаьхьа некъ карийнчу стагах тера, цӏеххьана ша лаьттачуьра меттахваьлла, царах цхьана новкъа дӏаволавелира иза.
Шина агӏор тӏекхозаделлачу бӏарийн дерзинчу дитташна кӏелхула болчу урамехула хьалавоьду некъахо, цхьа-ши бӏе гӏулч дӏавахча, гу тӏехь хӏоттийнчу шина чуртана тӏекхаьчча, жимма сецира. Кошан барз боцу уллохь долу и ши чурт Сибрехь йа Хонкарахь докъаза байначеран безамна доьгӏна хила тарлора.