Хӏара шиъ и болх беш воллушехь, хӏусамнанас йовхачу шурех буьзна боккха кхийра кад а, стомма йеттинчу сискалан йуьхкаш а чохь йолуш шун хӏоттийра ӏелина хьалха маьнги тӏе.
– Бовха кхача кечбан хан йац хӏара, тховса цкъа кхунах кхачо а йина ца ӏийча вер вац хьо, алахьа цуьнга, – дийхира зудчо шен хӏусамдега.
Цаьршиннан къамелах ша ца кхетачуха, вист ца хуьлуш ӏара ӏела.
– Хьаша, хьуна сихха охьавижина, садаӏа ца лаахь, вай кхин бовха кхача а кечбийр бу, цкъачунна и хьайна хьалха йиллинчух кхалла хьажахьа, – элира хӏусамдас.
– Баркалла шуна, бераш. Дала дукха дахадойла шу, Дала беркат ма эшадойла хӏокху шун хӏусамера. Аш суна хӏара кхача ца белча а, хӏокху йовхачу хӏусамехь, дӏога дуьххехь, цхьана сонехь дӏатевжина, буьйса йаккха меттиг хилчахьана а, тоьур ма дара суна-м.
Оцу дийнахь ӏуьйранна цкъа-шозза йакъайелла баьпкан йуьхк кхалларх, кхин кийра рицкъа дахаза волу ӏела, сискал кегийра шури чу а кагйина, меллаша йаа вуьйлира. Ша хийла сатийсина и сискал йоккха кхоллуш, чам боккхуш, марзо а оьцуш йаа цергаш а, кхелаш а хуьлуьйтург дуккха а мах лур бара цо. Амма уьш йацара. Йиъ йоцург, каторгехь цинга цамгаро йерриг а охьаэгийнера уьш.
– Хӏара хӏун муьжги ву? – хаьттира зудчо майрачуьнга.
– Хьанна хаьа иза.
– Амма милла велахь а, ӏаламат маьттаза муьжги ву-кх. Доккха хӏума ду-кх, иза тӏе а вижийтина, цуьнга мотт-гӏайба бехйайтар, – корта хьовзийра зудчо, хьешан йахйеллачу можей, кӏужалш хилла хьийзинчу коьртан йехачу месашкий, силамаша а, модаша а йуьзначу бедаршкий хьаьжна.
– И хӏун ду ахь дуьйцург? – човхийра иза вукхо. – Эхь ца хетий хьуна и ала? Хьо санна, Дала кхоьллина адам дац иза?
– Ас-м иза, корта а, маж а йаьлла, беркъа волу дела бохура, – йоьхна жоп а делла, дӏатийра зуда.
– Хьанна хаьа, вайна тӏе хӏун догӏур а. Деэшначу, гӏаддайнчу стагах кхарда ца веза, дог лаза деза. Ша кхаьрдинарг шена тӏедогӏу.
Церан къамеле ла а доьгӏуш, кедара шура лаххьийна дӏа а мелла, шуьна тӏера йухахилира ӏела. Хӏетталц шуьне бӏаьрг тоха дага ца догӏуш ӏийна хӏусамнана, кхин а тӏе шура йотта дагахь, пеша тӏера кхаба схьа а эцна, тӏехьаьдира.