– Баркалла, кхин ца оьшу, – дуьхьал куьг лецира баккъал а вуьзначу ӏелас. – Дела реза хуьлда. Дала беркат ма эшадойла хӏокху шун хӏусамера.
Хьаша вуьзна, паргӏатваьллачул тӏаьхьа цуьнга гӏуллакх-болх хаьттира хӏусамдас.
– Хӏинца, нагахь цхьа йоккха къайле йацахь, хьо мила ву, мичара ву, мича гӏуллакхо валийна хьо хӏокху тхан йуьрта дийцахьа, хьаша. Хьанна хаьа, ахь айъина лелочу гӏуллакхана гӏо дан сан ницкъ кхочур бацара-те?
– Со Червлени станицера ву. Оьрза-гӏалара.
– Цӏе хӏун йу хьан?
– Андри.
– Андри… Андри… Мацах цкъа и цӏе йохуш сайна хезча санна хета-кх суна, – ша шега вистхилира хӏусамда. – Ткъа лаа веаний хьо Нохчмахка?
– Къелло, эшамаша валийна. Доьзал хене баккха, жимма йолах болх бан араваьлла лела.
– Доьзал дукха буй хьан?
– Диъ бер… Кӏентан диъ бер. Тӏамехь вийна церан да.
– Муьлхачу тӏамехь?
– Японица болчу хӏокху тӏамехь. Дукха хан а йац иза вийна.
– Хӏаъа, муьлххачу а тӏамо баланаш, бохамаш бохьу адамашна. Тхан эвлара а кхо стаг вахана оцу тӏаме. Цхьаъ, пхьарс баьккхина, дукха хан йоццуш цӏа веана. Вукху шиннах хабар дац. Хӏун болх бийр бара ахь?
– Цӏенош дотта а, дечиган пхьола дан а хаьа суна. Мах белчахьана, муьлхха а болх бен бац суна.
Шаьшшиннан хилла къамел майрачо шега дийцича, хӏусамненан йуьхь йекхайелира.
– Делахьа, ма дика ду-кх хӏара вайга нисвелла! Кхана вайн божалара кхелли цуьнга беша тосуьйтур йу вай…
– Цунна дала ахча дуй хьан?
– Вайгахь буьйса йаьккхича, маьхза и гӏуллакх дан а ца мега цо?