— Летар ву-кх вайша делахь, — аьлла жимачу кӏанта.
Тӏаккха ӏаьржачу-Хожас тоьхна, ворхӏ шарахь ӏахар бисина етт а бийна, и берриге е чу а ӏ20 тесна, цхьа гали ахьар а хьакхийна, галнаш а йина, етт баа хоьвшина хӏорш. Хӏара кӏант цкъа-шозза кхаьллина валале, ӏаьржачу-Хожас, хьаьккхина, дерриге жижиг а, галнаш а диъна, хьалаиккхина, аьлла:
— Хӏинца летар ву-кх вайша!
Хьалаиккхина, лата воьлла хӏара шиъ. ӏаьржа-Хожа, хьовззийна кӏант кӏел а виллина, цуьнан логах тур хьокхуш воллуш, гӏали2 тӏера чу кхайкхинчу йоӏа шен дега аьлла:
— Дада, ма вехьара ахьа и кӏант! Тӏаьхье вон хир йолуш ю хьуна цуьнан! ӏаьржачу- Хожас, йоӏе ла а доьгӏна, вахьа а вихьина, котамийн бун чу кхоьссина кӏант.
Шен жима ваша цӏа ван хьевелча, цхьа бохам хилла хир бу цунна, аьлла, сихха шен дин а кечбина, шен герз юкъах а дихкина, месала куй коьрта а таӏийна, шен дина а ваьлла, вешина тӏаьхьа дӏаиккхина Ченлерг.
Воьд-воьдуш, ӏаьржачу-Хожин ӏежийн беша кхаьчна хӏара. Охьаэгнарш говро бууш, тӏехь мел берш ша бууш, оцу бешахула чекхваьлла Ченлерг. Гӏалин гӏаролаша хаам бина ӏаьржачу-Хоже:
— Дӏогахула вогӏуш цхьаъ ма ву, бухахь мел берг биина говр ма ели, тӏехь мел берг биина ша ма вели иза, мекхашца хьийзаш кӏур ма бу, тӏома даьлла олхазар санна чехка богӏуш дин а ма бу цуьнан, — аьлла.
— Делахь иза диканна вогӏуш вац шуна. Нуьцкъал стаг ву, шуна, — аьлла, воьхна хьоьвзина ӏаьржа-Хожа.
Вахана гӏопа тӏе кхаьчна Ченлерг. Неӏ ца лоьхуш, шен дин rӏona тӏех оьккхуьйтуш:
— Ассалам ӏалейкум! — аьлла, чуваьлла Ченлерг.
— Ва ӏалейкум салом! Восса охьа, — аьлла ӏаьржачу-Хожас. Охьа а воьссина, чувахана Ченлерг.
— Ахьа хӏун леладо, мехкан воцу хьаша? Хьо лаа леларий? — аьлла, хаьттина ӏаьржачу- Хожас.
— Суна дезаш хӏума дац. Со лата веъна, — аьлла Ченлерга. Тоьхна ӏахар-етт а бийна, цхьа гали ахьар а хьакхийна, уьш ерриг кхехкийна хьалха а ехкина, яа хиъна хӏара шиъ.
Шаьш жижиг-галнаш диина ваьлча, хьалаиккхина, вовшах летта. Ченлерга лаьттах тоьхна, ӏаьржа-Хожа логгец лаьттах а вахийтина, лога тӏе зилбухаран тур хӏоттийна.
ӏаьржа-Хожа деха ваьлла Ченлерге:
— Дӏо йоӏ а ю хьуна, дӏо даьхни а ду хьуна, сан корта ма баккхахьара ахьа! — бохуш.