— Хьан йоӏ а хьашт яц, хьан даьхни а хьашт дац. Сан ваша схьава суна, тӏаккха дийна вуьтур ву аса хьо, — аьлла Ченлерга.
Иза хезначу йоӏа, едда яхана, котамийн бун чуьра схьаваьккхина, дика лийча а вина, тӏе духар а дуьйхина, кечвина валийна, дӏавелла Ченлерге жима кӏант.
ӏаьржа-Хожа, ша лаьттах схьаваьккхича, шен йоӏ а елла, дерриге даьхни хьалха а даьхна, шен гӏаролашца Ченлерг вехачу гӏаланашка вахана.
Кхаа дийнахь, кхаа бусий той-ловзар а дина, юхабирзина уьш. Ченлерг а, цуьнан ваша а, нускал а мерзачу безамца дехаш дисина шайн гӏалахь.