Син метта кхетта, хьоьвзина говрара чувахана Хожа. Иза тӏехь хилла дин, шайн ре́ми йукъа схьа а лаьллина, тӏера охьавоьссина, Хожин корта схьа а баьккхина, цунна тӏера йезда́рин коч-хеча а схьа а даьккхина, уьш ше́н таьлсаш чу а дехкина, э́ла Тепсаркъина тӏаьхьакхиина Жоьра-Бабин Жонсаркъа.
Новкъа схьаоьхуш, кхин а ге́на боьвлча, Жоьра-Бабин Жонсаркъа волчу агӏорхьара тӏехьаьдда кӏора санна ӏаьржа цӏоькъа айгӏар. Хьожа йуккъе ше́дан кхаж тоьхна Жоьра- Бабин Жонсаркъас йуха човхабешшехь, э́ла Тепсаркъина тӏе а хьаьдда, цунна тӏоьхула а кхоссабелла, хӏорда чу бахана и цӏоькъа ӏаьржа айгӏар.
Цхьа хан йаьллачу хе́нахь тӏаьхьаваьлла э́ла Тепсаркъиний, Жоьра-Бабин Жонсаркъиний Хожин шолгӏа ваша.
— Хӏан-хӏа, Жоьра-Бабин Жонсаркъа, — хаьттина э́ла Тепсаркъас, — дӏо́ вайна тӏаьхьабо́гӏу ӏаьржа бода, хӏун бода бу-те́? Ма доккха хӏума ду иза!
— Иза-м хӏума да́цара, говрийн да́́ ву иза, вайна тӏаьхьа во́гӏуш Э́ла Тепсаркъа, хьалхара ре́ма лоллур йу ахьа йа тӏаьхьара орца йухату́хур ду ахьа? — аьлла, хаьттина Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
— Аса хьалхара ре́ма лоллур йу, — аьлла, ре́ма а лаьллина, дӏаволавелла э́ла Тепсаркъа.
Тӏаккха Жоьра-Бабин Жонсаркъа, тӏамана кеч а велла, тӏаьхьасецна.
Герга гӏоьртина говрийн да́, ӏаьржачу Хожин шолгӏа ваша.
— Хӏан-хӏа, Жоьра-Бабин Жонсаркъа, — аьлла цо, — хӏинццалц хьан да́с а хьийзийна тхо, хӏинца ахьа а ца дуьту тхо да́ха, тӏом болабе хьайна.
— Во ӏаьржа Хожа, дог де́ра а хьо ву, сина готта а хьо ву. Йуьгуш йолу ре́ма а хьан йу.
Вийна ӏуьллуш волу ваша а хьан ву, тӏом болабе ахьа, ӏаьржа-Хожа, — о́луш, жоп делла Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
Жобра-Бабин Жонсаркъина, ӏад оьзна, пха тоьхна ӏаьржачу-Хожас. ӏад озошшехь, нуьйра чуьра хьалакхоссавелла, кхо-пхийтта аьрша ирхвахана Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Тӏакхкха ша йуха чувоггӏушехь, Хожин ӏодан пха кӏелхула чекхба́лийтина. Ше́н нуьйра чу а нисвелла, тоьхна хӏокхо, ӏодан пха, ӏаьржачу Хожин вешина. Син метта кхетта, хьоьвззина, говра тӏера чувахана Хожин