Иза тӏехь хилла дин ре́ми йукъа дӏа а лаьллина, цунна тӏера йезда́рин коч-хеча а, корта а, схьадаьккхина таьлсашна чу а декхина, э́ла Тепсаркъина тӏаьхьакхиъна Жонсаркъа.
Тӏаккха шайн ре́ма лаьллина хӏорш дӏабоьлхуш, йуха а Жоьра-Бабин Жонсаркъа волчу агӏорхьа тӏехьаьдда ло санна кӏайн цӏоькъа айгӏар. Жоьра-Бабин Жонсаркъас, хьожа йукъкъе шедакхаж а тоьхна, йухаэккхийначул тӏаьхьа, э́ла Тепсаркъа волчухула хьаьдда, цунна тӏоьхула а икхкхина, хӏордана буха бахана ло санна кӏайн цӏоькъа айгӏар.
Цу кӏайчу айгӏарца орцах тӏаьхьаваьлла хӏокхарна ӏаьржачу-Хожин уггаре а вокхкхах волу ваша.
Аренаш морцуш, лаьмнаш цоьстуш, сел буьрса тӏаьхьаваьлла воккхах волу ваша Жоьра- Бабин Жонсаркъиний, э́ла Тепсаркъиний.
Йухахьаьжча, тӏегӏерта буьрса бода ше́н бӏаьрга гича, э́ла Тепсаркъас аьлла:
— Жоьра-Бабин Жонсаркъа, хӏун ду-техьа вайна тӏаьхьадогӏу́рг? Ма буьрса ӏаламат ду иза!
— Иза-м хӏума даца́ра, — о́луш, жоп делла Жоьра-Бабин Жонсаркъас, — вайна ӏӏӏтӏаьхьаво́гӏу говрийн да ву иза. — Хӏан-хӏа, э́ла Тепсаркъа, хьалхара ре́ма доллур йу ахьа, йа тӏаьхьара тӏом йухату́хур бу ахьа?
— Аса хьалхара ре́ма лоллур йу, — аьлла, говраш а лаьхкина, дӏавахана э́ла Тепсаркъа.
Сецна лаьттачу Жоьра-Бабин Жонсаркъина герга гӏоьртина ӏаьржачу-Хожин воккхах волу ваша.
— Хӏан-хӏа, — о́луш вистхилла воккхах волу ваша, — хӏинццалц хьан да́с хьийзийна тхо, хӏинца ахьа а ца дуьту тхо да́ха. Тӏом болабе соьца, Жоьра-Бабин кӏиллу!
— Дог де́ра а хьо ву, сингаттаме а хьо ву, оха йуьгу ре́ма а хьан йу, вийна ӏуъллу ши ваша а хьан ву, — тӏом болабе ахьа, ӏаьржа-Хожа, — о́луш, жоп делла цунна Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
ӏад оьзна, пха тоьхна ӏаьржачу-Хожин вашас. Нуьйра чуьра хьалакхоссавелла, кхо-пхийтта аьрша ирхвахана Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Йуха чувоггӏушехь, нуьйра чу хиъна иза. Цу хе́нахь ӏаьржачу-Хожин вашас тоьхна пха некха йукъкъехула чакхбаьлла Жоьра- Бабин Жонсаркъина.