— ХӀинца, — элира цо, куьг дакъаделла даьлча, и жима тунец баа беза ас. Кожалца схьаэцалур бу соьга иза, тӀаккха сайна паргӀатехь буур ас.
Гола тӀе охьа а таьӀна, кожал хьаькхна, гӀикхан мера-дукъ бухахь тунец а карийна, иза тӀеозийра цо, лесканех дина хӀазарш а лардеш. Йуха а лескин йозалла аьрру белша тӀе йа йаьккхина, пхьаьрсах а, куьйгах а хьарчош, кожална тӀера тунец охьа а баьккхина, кожал шен метта дӀабиллира. Гола чӀерана тӀе а йиллина, таьӀна-цӀечу дилхах коьртера охьа цӀогане деха цастарш даха вуьйлира иза. Йалх цастар а даьккхина, уьш гӀикхан дукъ тӀерачу аннаш тӀе охьа а дехкина, хечех хьаькхна, шен урс цӀан а дина, чӀерах йисина даьӀахкан чарх цӀоган тӀера а лаьцна схьаэцна, хи чу кхоьссира цо.
— Дийнна цастар-м даалой а хаац соьга, — элира цо, шен урс хадийна Ӏуьллучу декъанна тӀе а хьош.
Йуьйлина лаьттачу лескано кхуьнан аьрру куьг ,дукха озийна, тхьуздинера. Дукха ницкъ хилла, дего доьллера иза, цундела резавоцуш хьаьжира иза цуьнга.
— ХӀара хӀун куьг йу, йан а? — элира цо. — Тхьуздолахь делахь, хьайна лаахь. ТӀод а хилий, дӀадала, хьайна гӀоли хир йу аьлла хетахь. Хир-м йац.
«Же, сихло, — дагадеара цунна Ӏаьржачу хи чу йоьдучу лескех бӀаьрг а тухуш. — ХӀинццехь дӀакхалла иза, тӀаккха куьйге мелла а ницкъ богӀур бу. Куьйган бехк бац иза, хьо хӀокху чӀераца дукха вазар ду. Амма и къематде хиллалц а, цунах къастийла-м дац сан. Цул а, чӀара баа ахь».
Ша хадийначу цастаран дакъа схьа а эцна, бага диллира цо, тӀаккха меллаша Ӏийша вуьйлира. Дукха чам боцуш а дацара.
«Дика Ӏовша ахь, — ойла йора цо, — цуьнан дерриг мутт дӀаэца. Лимонаца бууш дика хир бара иза, йа туьханца»
— Куьг, муха ду хьоьгара хьал? — хаьттира цо, дукха тхьуздоларна, дакъа санна, сенделлачу куьйге. — Хьан дуьхьа, кхин а цхьа жимма кхоллур ас.
Ша хадийна дисинчу цастаран шолгӀа дакъа а дӀакхаьллира цо. Иза дика Ӏовша а Ӏаьвшина, бухадисина чкъор, шат санна, дӀатуьйхира.
— ХӀинца муха хета хьуна? Йа хӀинца а хьалхе ду хьуна хаа?
Кхин а цхьаъ дийнна цастар дӀа а кхаьллина, Ӏийша вуьйлира иза.
«Хаза дилха долуш чӀара хилла хӀара-м, — аьлла дага деара цунна. — Сайн ирс дара сан, макрель а ца лоцуш, иза ас лацар. Макрель мерза чам болуш ма хуьлий.