Мерза чам-м муххале а бацара кхуьнан, цу тӀе а, дилхаца дика хьано а йу».
«Массо а хӀуманан а хьесап деш хиларал гӀолехь хӀума дац цхьа а, — ойланашка вахара иза. — Дависа, жиммал туьха делара соьгахь. Хьанна хаьа, малхо йа бакъор, йа бахкор бухахь биснарг, цундела, со меца вацахь а, и биснарг дӀабаа беза ас. ЧӀара тийна Ӏаччура. Берриг дӀабуур ас, тӀаккха хӀуъу хилахь а, кийча хир ву со».
— Сатохалахь, куьг, — элира цо. — Хьан дуьхьа деш ду хьуна ас и дерриг.
«Ас-м, сайн аьлларг хилча, ЧӀере а кхоллуьйтур йара йуург. Сан ваша ма вуй иза. Делахь а, иза вен-м деза сан, цундела соьгахь алсам гӀора а хила деза».
ГӀийла, кхин сих а ца луш, даьхна цастарш парггӀат дӀадиира воккхачу стага.
Хьала а айъавелла, хечех хьаькхна шен куьг цӀандира цо.
— ХӀинца, — элира цо, — ва куьг, леска меллаша дӀахеца мегар ду-кх хьуна, ас аьтту куьйгаца лелор йу иза, хьан цӀийзар сецна даллалц.
Аьрру ког хӀинццалц аьрру куьйго лаьцна латтийначу лескина тӀе а биллина, леска белша тӀехьахула охьайаийтира цо, йозалла букъа тӀе а йуьллуш.
— Веза Дела, сан куьйган тхьуздолар дӀадалийта Ахь, — элира цо. — И ЧӀара хӀун дан дагахь бу, ма ца хаьа суна.
«Амма тийна-м Ӏа хӀара, — ойла йора цо. — Шен цхьацца хьесап деш. — Сан хьесап хӀун ду ткъа? Сайниг цуьнчуьнца дуьстина хир ду, хӀунда, хӀара инзаре боккха болу дела. Цкъа хӀара хи чуьра хьалакхоссабелча-м, ас са хадор дара цуьнан. Къематде даллалц хьалабер болуш-м бац хӀара. Дера вац со а-м, и даллац цунах къаьстар».
Шен тхьуздоьлла куьг хечех а хьаькхна, пӀелгаш делла гӀоьртира иза. Делла ца делира. «Малх гӀоттуш меттадогӀур дац-те иза? — дог дохура. — Йа и дика, хьена чӀара, хьерано ата а аьтта, дегӀехьа бирзича, дан а мега. Амма и лело дезахь, ца лелийча-м ца долу, цунах хӀуъу хилахь а. Делахь а, хӀинца нуьцкъаша иза ца доьллур ас. Ша метта а даийтина, дендолуьйтур ду. Бакъдерриг аьлча, ас цуьнца лелийнарг нийсо а ма йацара, кху йехачу буьйсана и дерриг лескин хӀазарш хьерчош а, достуш а».
ХӀордан йистйоцчу паналле дӀахьаьжча, шен цхьаналло кхерийра иза. Хи чу хьаьжча, зӀенарийн нур гора, кеглуш лепаш, генна хи чу йоьду леска а, кегийчу тулгӀенийн тамашийна ловзарш а. Мархаш, гул а йелла, кхерста мох баре хьоьжуш ладоьгӀуш Ӏара.