ДӀо гена дӀахьаьжча, акхачу бедийн жӀуга гира цунна хи тӀехула, цкъа стиглахь моха а хуьлий бӀаьрлайовлуш, тӀаккха, дохк а хуьлий, тӀепаза йовш, тӀаккха йуха а гучуйовлуш. Кху боккхачу хӀорда чохь стаг цкъа а ша цхьана воций хиира цунна тӀаккха.
Лаьттан йист а йовш гена хи чу баха ца хӀуттурш дагабаьхкира цунна тӀаккха, уьш бакъ а бара, къаьсттина хенахӀоттам цӀеххьана хийцалучу бегтанашкахь кхераме дан а дара иза. Ткъа хӀинца дарцаш дуьйлу бутт бара, дарц ца хилча-м, хӀокху баттахь хаза латтара арахь. Дарц дала доьгӀнехь, цуьнан билгало гур йу хьуна стиглахь масех де хьалха, къаьсттина хьо хӀорда чохь велахь. Лаьтта тӀехь болчарна ца го иза, хӀунда, царна ца хаьа, хӀун ган йеза. Лаьтта тӀехь мархийн кеп а кхечу тайпана карайо, лаьтто хуьйцуш хила там бу иза. Делахь а, кху сохьта, цхьадика, дарц дац.
Стигла хьалахьаьжча, мархийн кӀайн уьйрагаш гира цунна, цхьанна хьошаллина охьайоьттина, морожнин баьрзнаш санна, Ӏохкуш, жимма лакхох, шен йуьткъа месаш стигал мел йу дӀаса а йаьржийна, Ӏуьллура церан накъост а.
— Мела дерз хила там бу, — элира цо. — Дера, ЧӀара, иза, мелхо а, соьгахьа а долуш ду хьоьгахьачул.
Цуьнан аьрру куьг хӀинца а тхьуздоьлла дара, и даста гӀертара иза шен ма-хуьллу.
«ДаватӀа оцу тхьуздоларан, — ойла йора цо. — Адамийн дегӀан стешха йу-кх иза. Цхьа хӀума кийрано тан а ца йина, чоьна кхетча, йа Ӏетто воьлча, нахана йукъахь мел йуьхьӀаьржа хуьлу, цул а оьшуш ду-кх хьуна тхьуздолар». (Calmbra олий цӀе йоккхура цо цуьнан).
«КӀант соьца велхьара, цо, жимма пхьаьрсах куьг а хьаькхна, меттадалор ма дара иза, — ойла йора цо. — Делахь а, меттадогӀур дара иза-м».
Цуьнан аьтту куьйгана лескин жима малйалар хааделира, хи чу йоьдуш лескано хӀоттийна са хийцабалар гале. ТӀаккха, йуха а таьӀна, шен аьрру куьг ма-хуьллу хих детта воьлча, лескин са меллаша хьаланехьа богӀуш гира цунна.
— Хьалаволуш ву хьуна иза, — элира цо. — Же, куьг, хьайн десара, меттадола.
Леска меллаша, цхьанаэшшара хьалайогӀура, тӀаккха кхуьнан гӀикхна хьалхха, хих цхьа боккха барз а хуьлуш, чӀара гучубелира. Иза хьалаоьхура кхин чаккхе йоцуш, дегӀан чарха тӀера охьа хиш а Ӏенош.