Дуьххьарлера бархӀ сахьт дӀадаьллачул тӀаьхьа, хӀора диъ сахьт мосазза долу, рефериш хийцалора, вукхаьрга садаӀийтархьама. МӀарашна бухара цӀий Ӏийда доладелира кхуьнан а, оцу негаран а, амма вовшийн куьйгашка а, пхьаьрсашка а, бӀаьра а хьоьжуш, Ӏадда лаьттара хӀара шиъ. Ткъа йукъа ахча диллинарш-м чу а, ара а лелара, цхьаберш, дуьхьал гӀенташ а дехкина, пена йуххе охьахевшина, хьоьжуш Ӏара. Дечиган пенаш сирла-сийна басахь кечдина дара, богучу стогаро кхеран ӀиндагӀаш дийшинера оцу пенаш тӀе. Негаран ӀиндагӀ доккха дара, мохо стогар ластийча, пена тӀехь техкара иза.
Буьйсанан йохаллехь кайалар хийцалуш меттигаш хуьлура кхуьнан а, цуьнан а. Негарна, латайой, сигара а кховдайора, дуттий, ром а лора. Ром меллачул тӀаьхьа гӀора ма-дду тӀетаьӀначу цо, дикка саттийна, охьадилланза дитира воккхачу стеган куьг, оцу хенахь воккха а воцуш, Сантьяго El Campeon аьлла, вевзаш волчу. Амма воккхачу стага йуха а ша хиллачу метте дӀанисдира куьг.
ХӀинца цуьнан шеко йацара, ша оцу негарал тоьлла хиларх, мел иза дика а, онда а кӀант велахь а, эшийна вара. ШолгӀачу дийнахь ахча йукъадиллинарш, тоьлларг а воцуш дерзаде бохуш, тӀебирзича, корта лестош рефери а волуш, кхо, шен берриг а ницкъ гулбина, негаран куьг охьа а саттийна, таӀийна стоьлан уьн тӀе дӀадижира.
КӀирандийнахь Ӏуьйранна болабелла къовсам оршотан Ӏуьйранна чекхбелира. Ахча йукъадилинчара тоьлларг воцуш и дерзаде бахаран бахьана-м Ӏуьйранна церан порте балха баха безар дара, шекаран галеш дассо йа Гаванера кӀорабухкучу компане. Вуьшта-м, хӀора а къовсам, баккъал а, чекх муха болу хаа лууш вара. Амма хӀокхо и чекхдаьккхира, уьш дӀабахале.
Цул тӀаьхьа йеххачу хенахь Чемпион олий цӀе йоккхура цуьнан наха. Йуха, бӀаьста, шен цӀе йухаметтахӀотто дагахь, кхин а цкъа а латийтура негро кхуьнца куьг. Цкъа цуьнан лаам кагбинчу кхо, хьалха санна, хала а ца дуьллуш, охьадиллира Сиенфигосерчу негаран куьг. Ахча йукъадуьллурш а кӀезиг бара хӀетахь. Цул тӀаьхьа кхин а мосазза летийтура цо куьг, тӀаккха сецира. Шена лиъча, ша хьеннан а куьг эшор дуйла хаьара цунна, амма и летийтаро кхано чӀерийлоьцуш шен аьтту куьйгана эшам бийр буй хаарна, сацийра цо иза.
¹ Майами — Ӏаьмарка пачхьалкхехь штат.