Цкъа, мосазза а аьрру куьг латийтура цо, амма цунна хаьара шен аьрру куьг даима а стешха хиллий, шега де аьлларг дийр доцуш, цундела аьрру куьйгах тешам бацара цуьнан.
«Малхо дикка дагор ду хӀара, — ойла йора цо. — Тхьуздола-м ца деза иза йуха а, нагахь буьйса дукха шийла ца хилахь. Ванах, хӀара буьйса хӀун дохьуш йогӀу-те суна?»
Майаме¹ лела аэроплан йара тӀехула йоьдуш, цуьнан ӀиндагӀо къахкийначу тӀомадуьйлу чӀерийн жӀугане а хьожуш Ӏара хӀара.
«Иштта дукха тӀомадуьйлу чӀерий делахь, цхьанхьа йуххехь макрель а хила беза хьуна», — дагадеара цунна. ТӀаккха, шега чӀара мелла а хьала озалур барий-те аьлла, гӀикхан йисте таьӀира иза, амма оза ца белира, кхин озайахь, хада а кхерам болуш йулайелира леска, шена тӀехь хин тӀадамаш а ловзуш. ГӀикх меллаша догӀура, шена тӀехула йолучу аэропланна тӀаьхьа а хьоьжуш висира воккха стаг, иза къайлайаллалц.
«Оцу аэроплан чохь ма тамашийна а хир ду, — ойла йора цо. — Ванах, оцу лакхенера охьахьаьжча, хӀорд муха го-те? Дукха лакхахула а ца бовлуш бахча-м, хӀара чӀара дика гуш хир бара хьуна цу тӀера. Дависа, меллаша, цхьа-ши бӀе гӀулч тӀехула хьаьвзина, лакхара охьа кху чӀере бӀаьргтоха. УьнтӀапхьидаш лоьцучу кеман тӀехь со волуш, цуьнан матчи буьххье ваьлча а гора-кх дуккха хӀума. Оцу буьххьера охьа хи чу хьаьжча, макрель ша болчул а баьццара хета, цунна тӀера моханаш а го хьуна, ур-атталла церан пурпурни томмагӀаш а, йерриг церан и жӀуга йогӀуш. Ванах, оцу массо а сихалелачу чӀерийн букъа тӀехь пурпурни томмагӀаш хӀунда хуьлу-те?
Макрель-м дашо басахь болу дела хетара баьццара. Амма баккъал мац а белла, йуург лохуш и арабаьлча, марлинан санна, пурпурни моханаш хӀуьтту цуьнан букъа тӀехула. Мацбелча, иза къаьсттина дера хиларна йа маса леларна, хӀуьттий-те уьш?»
Бода бале, шен керлачу нускалца ловзучу жимхас техко можа йургӀа санна, сирлачу хӀордо техкош уьйбучу Соргасан хин бецаша йина йоккхачу гӀайренах тӀехволуш, вукху лесканах тасабелла макрель хаабелира цунна. Хи чуьра хьала а иккхина, маьлхан тӀаьххьара йисинчу зӀенарша ша дашо басца кхелина, хӀаваэхь буьрса бетталуш, кхоссабелла боьдуш гира кхунна и.