Йух-йуха а хьалакхиссалора иза, кхерамо Ӏадийначу дегӀо, тамашийна сетташ, кепаш а хӀиттош, тӀаккха воккхачу стага, меллаша хьалха а таьӀна, шен аьтту куьйгаца важа леска лаьцна а латтош, аьрру куьйгаца озийна, гӀикхна йуххе балийра иза, тӀе мосазза озабо, берзина ког лески тӀе а буьллуш.
Дукха Ӏадийна, гӀикхна йуххе кхаьчча, гӀоддах бетталора иза, тӀаккха воккхачу стага, чу а кхевдина схьалаьцна, гӀикх чу кхоьссира дашо басахь богу, тӀехь пурпурни томмагӀаш а хӀиттина болу чӀара. Цуьнан мочхалша хӀинца а, гӀаддайна, доггах къурдаш бора тасабеллачу мӀарах, ткъа деха, чӀапа дегӀ а, цӀога а детталора, эххара, воккхачу стага дешин басца къегинчу коьртах хӀума а тоьхна, иза дӀатебаллалц.
МӀара схьа а баьккхина, кхин кхоллург тӀе а тесна, йуха а иза хи чу тесира воккхачу стага.
ТӀаккха меллаша шен метте йухавеара. Шен аьрру куьг, дила а дилина, хечех хьаькхира цо. ТӀаккха, лескин йозалла аьтту куьйгара аьрру куьйге а йиллина, шен аьтту куьг а дилира, хӀорда чу бузучу малхе а хьоьжуш, сеттина хи чу йоьдучу стоммачу лескех бӀаьрг а тухуш.
— Кхин башха хийцам а бац, — элира цо.
Амма хи чу куьг а диллина хьесап дича, гӀикх хаа а луш меллаша догӀуш карийра цунна.
— Сайн ши пийсак вовшех а дихкина, гӀикхна хьалха дӀатосур ду ас, цо мелла а лахдийр ду цуьнан болар буьйса хилале, — элира цо. — Буьйсанга баллалц а хьал ма дуй цуьнгахь. Дера ду соьгахь-м.
«И макрель жимма бита а битина, берича, дико хир ду, мелла а дегӀах цӀий дулур, — ойла йора цо. — ТӀаьхьо дер ас иза, пийсакаш а таса деза вовшах, гӀикх такхо деза хилийта. ЧӀара хӀинца, хье а ца беш, мелла а паргӀат битар тоьлаш ду суна малх дӀабуззалц. Малбузу хан хӀора чӀерана а хала йу лан».
Мохе шен куьг дакъа а дайтина, цуьнца леска схьа а лаьцна, ма-хуьллу паргӀат велира иза, дегӀ гӀикхан агӀонах а товжош, лескин йулайаларан барам гӀикхе кхин боха а ца бойтуш.
«Ӏемаш ма ву со хӀинца а, — ойла йора цо. –
ХӀуъу делахь а, цхьаъ хила ма хуьлий керла. Цу тӀе а, и кхоллург хуьйдичхьана, кхин хӀума кхаьллина а ма бац иза, ткъа ас дийнна тунец биъна.
Кхана макрель а буур бу. (Дорадо олура цо макрелах). Иза цӀанбешшехь, цхьа дакъа диъча тоьлу суна, кхано, дилха чӀагӀ а делла, баа хала хир бу иза.