«Наб ца йича а, дера, мегар ма ву со, — дагадеара цунна. — Амма и кхано бале дер ду».
Меллаша, веалара а ваьлла, гӀикхан йуьххье текхира иза, чӀара карзахбаккхарх лар а луш. «Наб хьегӀаш хир ма буй иза а, — дагадеара цунна. — Со-м, хьаха, вац цуьнга садаӀийта дагахь. Ша белла дӀабаллалц идийта беза».
ГӀикхан йуьххье ша дӀакхаьчча, белш тӀехула тесна леска аьрру куьйгана нисйеш, дӀа а тарвелла, аьтту куьйгаца баттара урс даьккхира цо. ХӀинца къегина догучу седарчийн серлонехь макрель дика къаьстина гуш бара. Коьртах урс а Ӏоьттина, такхийна тӀеозийра цо чӀара. Цхьа ког чӀерана тӀе а биллина, цӀоганера жӀараш тӀекхаччалц урс тесна, хада а бина, чуьйраш йерира цо цуьнан. ТӀаккха, урс охьа а диллина, аьтту куьйгаца чуьйрех цӀан а йина, жӀараш схьайехира. ЧӀеран хьера чӀогӀа йуьзна йара, урс тесна йиллира цо иза. Шиъ тӀомаболу чӀара карийра цунна цу чохь. Уьш хӀинца а пунч хилаза, дика бара, цундела уьш шена охьа а бехкина, чуьйраш а, жӀараш а хи чу кхийсира воккхачу стага. Шайна тӀаьхьа сирла лар а йуьтуш, хи буха йахара уьш. ЧӀеран дилха шийла дара, седарчийн гӀийлачу серлонехь цуьнан бос мокха хетара. Коьрта тӀе ког а биллина, тӀера чкъор а даьккхина, цхьа агӀо цӀанбира воккхачу стага. ТӀаккха вукху агӀор а берзийна, иза а цӀан а бина, коьртера цӀогане кхаччалц тийлира цо чӀара.
ЧӀеран даьӀахкийн чарх хи чу а тесна, цо хи тӀехь гонаш дуьтий-те аьлла тӀаьххье бӀаьргтуьйхира цо. Амма схьа а гуш меллаша хи буха йоьдучу даьӀахкийн бӀалгӀа бен йацара. ТӀаккха йуха а вирзина, и тӀомаболу ши чӀара тедда, йуккъе а биллина, шен урс батта чу а диллина, меллаша, текхна шен метте йухавахара иза. Букъ чӀеран безачу мохьо саттийнера цуьнан, хӀинца аьтту куьйге а белла бохьура цо иза.
ГӀикх йуьххье ша йухавеъча, чӀеран дилха а, тӀомаболу ши чӀара а уьн тӀе охьа а биллина, йуха а леска шен аьрру белша тӀехь нис а йина, цуьнан ах мохь гӀикхан планшир¹ тӀе товжийра воккхачу стага. ТӀаккха гӀикхна тӀера чу а кхевдина, хи чохь тӀомаболу чӀара била хӀоьттира иза, куьйгана дуьхьал уьдучу хица гӀикхан масо а зуьйш. ЧӀара цӀанбеш йисинчу хьоналло куьг хи чохь къегадора воккхачу стеган, куьйгаца ловзучу хине а хьоьжуш вогӀура иза.
¹ Планшир — хинкема чӀагӀдеш баьхьна дечиган йа эчиган го.