Хин дуьхьало гӀийла йара, шен куьг гӀикхан агӀонах а хьоькхуш, цӀандора цо, чӀеран дилхах йисина цуьргаш, куьйга тӀера дӀа а къесташ, хино техкош, дӀахьора, шайна тӀаьхьа къегаш лар а йуьтуш.
— Йа гӀелбелла богӀу хӀара, йа садоӀуш богӀу, — элира воккхачу стага. — Цкъа хӀара макрель кхаьллина а ваьлла, соьга, жимма наб а йина, садаӀийта ахь!
Буьйса мел йулу а, шело чӀагӀлора, сердарчийн серлонехь ша цӀандина ах дилха дӀадиира цо, тӀаккха сихха шиннах цхьаъ тӀомаболу чӀара а цӀанбира.
— Делахь а, хаза кеч а бина, биъча, ма чомехь чӀара бу-кха и макрель, — элира цо. — Ма чаьмза а бу-кха и, буьйда бууш. Кхин цкъа а туьха йа лимон а йоцуш со хӀорда чу ца волу-кха хьуна.
«Сайн корта хиллехь, дийнан дохалла хӀокху аннаш тӀе хи диттина хир ма дара ас, дакъаделча, цунах туьха хир дара, — ойла йора цо. — Делахь а, оцу хенахь ас макрель лаьцна а ма бацара, малхбузуш бен. Дера, миска кхача ма бара иза бан-м. Амма ас дикка нох даьккхира цунах, цу тӀе а, хӀордан цамгар хуьлуш ма вац со».
Мархийн уьйригаш гулйала йуьйлира малхбузехь, тӀаккха, цхьацца довлуш, кхунна девза седарчий къайладовла дуьйлира. ДӀахьаьжча, гӀикх цхьана даккхийчу чхарнех доьттинчу чӀожа йукъа доьдуш санна хеталора. Мох лахбеллера.
— Тешна а, кхо-диъ де даьлча, хенахӀоттам галбер болчух тера ду, — элира цо. — Делахь а, тховса а, йа кхана а-м бер бац. ХӀара чӀара тийна болччура, жимма набарна таро йе, воккха стаг.
Шен аьтту куьйгаца леска къевлина а латтош, и куьг йукъахь а дуьтуш, гӀикхан агӀонна тӀетевжира иза шен дерриг дегӀаца. ТӀаккха, леска меллаша белшал лаха а йаьккхина, аьрру куьйгах тесира.
«Сан аьтту куьйго, тесна мел лаьтти а, сацор йу иза, — ойла йора цо. — Нагахь суна наб кхетча, иза, мал а йелла, озалахь, аьрру куьг меттах ма-делли, со самавер ву. Дикка ницкъ-м дера бо цо аьтту куьйгана. Делахь а иза марзделла ду сан Ӏазап хьега. Цхьана ткъа минотехь йа эха сохьтехь наб йича а тоьар дара суна».
Шен дерриг дегӀ лескина дуьхьал а гӀортош, дегӀан мохь бертала аьтту куьйгана тӀе а бижош, дӀа а вижина, наб кхийтира цунна.
ГӀенах лоьмаш ца гора цунна, церан меттана, цхьа йоккха хӀордан хьакхарчийн арданг йара, эра а йаьхкина, хи чуьра хьала а кхийсалуш, шаьш хьалакхийсайеллачу йуха чу а эгаш, исс-итт миля¹ гена аре а лаьцна йогӀуш.
¹ Миля — хӀорда чохь геналла йусту барам. Цхьа миля — 1852 метр.