Хи чохь тоьал латтийна хир ду аьлла шена хеттачу хенахь, куьг хи чуьра схьа а даьккхина, цуьнга бӀаьрг туьйхира воккхачу стага.
— Кхин башха доккха хӀума а дац, — элира цо. — Лазар-м хӀун йара стагана?!
Меллаша, хӀинцца хедийна йиначу чевнех куьг лар а деш, леска аьтту куьйгаца схьалаьцна воккхачу стага, тӀаккха шен аьрру куьг мукъа даллал жимма айба а велла, иза гӀикхан вукху агӀорхула хӀорда чу диллира цо.
— Хьан ледара хиларе хьаьжча-м, хьан лелар кхин дӀора осала а дацара, — вистхилира иза шен аьрру куьйге. — Амма цхьана йуккъехь-м дедда дайнера хьуна хьо.
«Ванах, со дуьнен чу волучу хенахь, цхьа дико ши куьг дала мегаш дацара-те суна? — дагадеара цунна. — Сан сайн бехк бара иза-м, ас и куьг кхоччуш кечцадарна. ВаллахӀ, Дела ву-кх теш, хӀумма кечам бан меттиг боцуш-м ца дисина хьуна иза. Делахь а, буьйсанан йохалла кхин дӀора ледара а ца лийлира иза, цкъа тхьуздолар бен. Нагахь иза кхин цкъа а тхьуздолахь, оцу лескано и дӀахадийча а дац-кха хӀумма».
Иштта хӀуманаш шена дагаэхар коьртера эс довш хиларан билгало йуй, хиира цунна, цундела, жимма кхин а и макрель кхалла беза ша аьлла, дагадеара воккхачу стагана. «ВаллахӀи, суна и логах чоьхьа-м бер бац, — элира цо ша-шега. — Корта эсехь хилар гӀолехь-м ду хьуна, Ӏетта а вина, дегӀера ницкъ бовчул. И сан йуьхь-марш оцу тӀе а йоьжна лаьттина дела, иза суна чохь-м соцур бац. Сайн гӀуллакх гуттар галдаллалц собар дийр ду ас, цкъачунна иза башха телхаш а бац. Дера, хӀинца хӀума а йиъна, ницкъ алсамбаккха хьо дагахь велахь, иза бакъ ма дац хьуна. Йеккъа тентак йу-кх хьо, — элира цо ша-шега. — Важа бисина тӀомаболу чӀара баахьа».
ЦӀан а бина, кийчча лаьтташ бара чӀара. Аьрру куьйгаца иза схьа а эцна, даьӀахкех лар а луш, дика Ӏовша а Ӏовшуш, цӀоганан биста кхаччалц дӀабиира цо чӀара.
«ДегӀана дика аьхна чӀара бу иза, — ойла йора цо. — Кхин хӀумма ца хилча а, дегӀе суна хӀинца чӀогӀа оьшуш долу гӀора доуьйтур дай-х цо. ХӀинца айса дан дезарг кхочушдина ваьлла-кх со. ХӀинца, шена лаахь, готийса а болало-кх, дӀаболор охашимма тхаьшиннан тӀом».
ХӀара хӀорда чу веачхьана, кхозлагӀа гӀоттуш бара тахана малх, тахана бен ца болабелира чӀара готийса.