Хи чу уьдучу лескица дуьстича-м, хаалуш а дацара иза готийса болабалар, иштта билгало хила хӀинца а хьалхе дара, амма лескин халла тосалучу малъйаларца хаалуш дара иза. Воккха стаг меллаша, шен аьтту куьйгаца, кхин сихо а ца йеш, леска тӀеозо вуьйлира. Леска, оза мосазза йо, йулалора, хӀинца-м хада там бара иза аьлла, хеттачу хенахь, йуха а, и тӀейогӀий, маллой карайора воккхачу стагана. ТӀаккха, меллаша шен белш а, корта а лескин бухахула сехьа а баьккхина, леска гӀийла тӀеозо вуьйлира воккха стаг. Шина а куьйгаца болх бора хӀинца воккхачу стага, дегӀе а, когашка а шена гӀо а дойтуш.
— Боккхург дукха боккха го бу, — элира цо. — Делахь а готуьйсуш бай-х иза.
Леска тӀеоьхучуьра сецира, ткъа хӀара и озийна Ӏара, лески тӀера маьлхан зӀенаршлахь кхийсалуш ловзучу тӀадамашка а хьоьжуш. ТӀаккха йухаэха йуьйлира иза, ткъа воккхачу стага, голаш тӀе а хиъна, цхьа дегаза, Ӏаьржачу хи чу дӀахоьцура леска.
— Ша боккхур болчех уггар боккха го боккхуш бу хьуна иза хӀинца, — элира цо.
«Сайн ма-хуьллу озийна Ӏен веза со, — ойла йора воккхачу стага. — Йуьйлина Ӏийчахьана, го хӀоразза а жимлур бу цуьнан. Цхьа сахьт даьлча, суна ган а там бу иза-м. Цкъа хӀинца тешо беза ас иза, тӀаккха бен а беза».
Амма ши сахьт дӀадаьлча а, чӀара меллаша гонаш туьйсуш бара. Хьацарех вуьзначу воккхачу стеган, дукха гӀелваларна, даьӀахкаш лаза йевллера. Делахь а, туьйсу гонаш мелла а кегий дара хӀинца, лескин хи чу йоьдучу барамца дуьстича, чӀара гӀеххьа кӀоргера хьалабаьллий хаалора.
Кху тӀаьххьарчу цхьана сохьтехь бӀаьргаш чохь мокха боданаш хӀиттабоьллера воккхачу стагана, цу тӀе а, йуьхь тӀехула охьауьдучу хьацаро хье тӀера а, бӀаьрга йуххера а чевнаш, дурьеш, карзахйохура. Оцу мокхачу бодано-м кхин дӀора кхера а ца вора иза. Оццул гӀоьртина Ӏачу цунна уьш хиларх кхин цецволийла а дацара. Делахь а, шозза кхетамчуьра валлал дог малделира цуьнан, цунах кхоьрура иза.
— Цхьана чӀераца лара а ца вина, вала там-м бара хьуна хьо, — элира цо. — ХӀинца, хӀара гӀуллакх мелла а гӀоленга даьллачу хенахь. Веза Дела, гӀо де Ахь суна сатоха. Ас бӀозза «Тхан Дела» а, бӀозза «Йеза Марем» а доьшур ду-кх хьуна кхано, хӀинца уьш деша хьал дац соьгахь.