Воккхачу стеган эрзах йина шлйапа бӀаьштиг тӀе хьалайаханера. ЧӀеро дӀабоьрзуш озийначу лескина дуьхьал гӀорта ницкъ а ца хилла, гӀикхна хьалха берталвахара иза.
«Хьайн къа хьега ахь, ЧӀара, — ойла йора цо, — ас йухабоьрзуш бийр бу хьуна ницкъ».
ХӀорд хаалуш ийабала буьйлира. Амма иза дикачу хенахӀоттаман дарц дара, цу тӀе, цунна цӀа ваха аьтто бенберг а дара.
— Мелла а къилбехьа лоцуш, малхбузехьа эха веза со, — элира цо. — ХӀорда чохь-м адам тилалур дацара, цу тӀе а, и тхо деха гӀайре а ма йу дукха йеха.
ЧӀара кхозлагӀа го тосуш бара, цуьнан гӀаларт шен гӀикхна бухахула долуш воккхачу стагана дуьххьара гучудаьлча. Цхьа доккха ӀиндагӀ а хилла белира иза цуьнан гӀикхна бухахула, шен бохаллах воккха стаг инзар а воккхуш.
— ХӀан-хӀа, — элира воккхачу стага. — Иштта боккха хуьлийла а дац иза.
ХӀетте а иштта боккха-м бара иза. РогӀера го тесна богӀучу чӀеран ткъе итт гӀулч хиллал кхунна генахь хина тӀехула даьлла цӀога гира воккхачу стагана. Мел боккхачу мангалал а доккха хир дара цӀога, хӀордан таьӀна-сийначу хи чохь мокха-лила басахь гора иза. Йуха а чубахара чӀара, дукха гена кӀоргенехь а боцуш боьдучу чӀеран инзаре йоккха чарх гира воккхачу стагана букъ тӀехула охьа ал-басахь шуьйра моханаш а йолуш. Цуьнан букъасурт тӀера пелаг таьӀна дара, ткъа агӀонтӀерараш шуьйрра даржийна дара.
ХӀокху гонехь-м бӀаьргаш а гуш бара чӀеран, цунах тасабелча санна, лелаш кхин шиъ жима чӀара а бара. Наггахь цхьана мӀаьргонна цунна тӀекхетара и шиъ, тӀаккха сихха йухаболура. Вуьшта-м, паргӀат а болий, чӀеран доккхачу ӀиндагӀе а хӀуттий богӀура. ХӀора а пхи дол гергга боккха хир бара, и шиъ, дукха сихбелча, текхарго санна дерриг дегӀ а сеттош, богӀура.
Воккхачу стагана хьацар тоьхнера, амма малхо тоьхна хьацар дацара иза. ЧӀеро хӀора а тийна го мосазза боккху леска тӀеозо аьтто болура воккхачу стеган, кхин иштта тийна шиъ го цо баккхахь, шеко йоццуш, цунна гарпун тоха аьтту шен хирг хиларх тешна вара иза.
«Делахь а ма-хуьллу йуххе, герга бало беза ас иза, — ойла йора цо. — Цуьнан коьртах тоха гӀерта ца веза со. Деган йуккъе тоха йеза».
— Сих а ма ло, гӀел а ма ло, воккха стаг, — элира цо.