Йуха го тосуш чӀеран букъ хи тӀехула баьлла бара, амма гӀикхна гӀеххьа гено бара иза. Йуха го тосуш а, гено хийтира цунна иза, амма букъ хьалхачул шуьйра гуш бара хи чохь, цундела кхин а жимма леска ша тӀеозийча, иза шена тоьал йуххехь хир буйла хаьара воккхачу стагана.
Гарпун, хьалххе кеч а йина, горгачу тускар чу а йиллина лаьтташ йара цуьнан, лескин йуьхьиг гӀикхан меран дукъах дӀа а йихкина.
ЧӀара го тесна тӀебогӀура, цхьа тийна, хаза богӀура, наггахь ласто цӀога-бен, кхин меттахдолуш дегӀ а доцуш. Воккхачу стага шен гӀора ма-дду тӀеозийра чӀара. Цхьана мӀаьргонна чӀара агӀо тӀе бижира, тӀаккха йуха нис а белла, шен го таса буьйлира.
— Ас карчийра-кх иза, — элира воккхачу стага. — Меттах-м баьккхира, эццехь.
Йуха а дог малдала дуьйлира цуьнан, амма шен гӀори-гӀоддах и инзаре чӀара лаьцна Ӏара иза. «Ас карча ма бира иза, — ойла йора цо. — ХӀинца богӀуш, аркъал баккхабала а мега соьга иза. Озабелаш, куьйгаш! — шен меженашка кхайкха вуьйлира иза. — ДӀагӀорталаш, когаш! Дог, мал ма лолахь, варий, мал ма лолахь, хьо цкъа а мела хилла а ма дацара. ХӀокху болехь ас аркъал боккхур бу хьуна иза».
Амма чӀара йуххе а кхачале, шен берриг ницкъ гул а бина, тӀеозийча, кхо иза жимма агӀор бен ца баьккхира, ткъа важа-м, йуха а нис а белла, дӀабахара.
— ЧӀара, — кхайкхира воккха стаг. — Хьо хьала-охьа а лийр болуш бу. Со а ца вуьйш, бала ца мега-те хьо?
«Иштта Ӏарх, кхуьнан чаккхе хир йац», — ойла йора цо. Бага дукха йакъайелла, вист а ца хилалучу ваьллера иза, амма молучу хина тӀекхача цхьа а таро йацара цкъачунна. «ХӀинца богӀуш, сайн ма-хуьллу тӀеозо беза ас иза, — ойла йора цо. — Цуьнца дукха къийса хьал тоьар дац сан. Тоьар ду, хьанора, — элира цо ша-шега. — Хьан хьал цкъа а кхачор дац».
Йухахьаьвзина богӀуш, воккхачу стага лаццанза бисира чӀара, амма важа, йуха а нис а белла, меллаша дӀабахара.
«Гуш лаьтташехь вуьйш ву-кх ахь со, ЧӀара, — ойла йора воккхачу стага. — Ве, хьан бакъо-м дера йу. Сайн оьмарехь хьол онда а, хаза а, йа собаре а, йа хьол оьзданиг а хӀума-м ца гина хьуна суна, сан ваша. ХӀан-хӀаний, ве со. ХӀинца вайшиннах хьан милла вийча а, цхьа бен дац-кха суна».