— Хьо коьртана галволуш вуй-те, моьтту суна, — элира цо ша-шега. — Хьайн корта сема латтабе. Хьайн корта сема а латтош, къонахчо къизалла муха ловш хуьлу хаахьа.
«Йа чӀеро», — тӀетуьйхира цо дагахь.
— Самабала, корта, — элира цо ша-шена а халла хезачу озаца. — Самабала.
Йуха а, хьалха санна, шозза дӀабахара чӀара.
«ВаллахӀ, ца хаьа суна-м, — ойла йора воккхачу стага. ХӀинца-тӀаккха, кхетам чуьра а ваьлла, охьавужу хьуна, бохучу хьолехь вара иза. — ВаллахӀ, ца хаьа-кх. Делахь а, кхин цкъа а хьожур ву со».
Кхетамчуьра валлал ницкъ а беш, озийна, чӀара аркъал баьккхира воккхачу стага. Амма чӀара, йуха а нис а белла, шен доккха цӀога а лестош, меллаша дӀабахара.
«Кхин цкъа а гӀуртур ву со», — чӀагӀо йира воккхачу стага, шен делла дӀадевллачу куьйгийн а, бӀаьрдуьхьал хӀоьттинчу мархин кхин дӀора тидам а ца беш.
Кхин цкъа а тасавелира чӀерах воккха стаг, амма йуха а изза хилира. «Хьажа хьайна! — дагадеара цунна, шена чура са дӀадолуш санна а хеташ. Дера ву со кхин цкъа а хьожур».
Ша хьоьгу къиза лазарш, шен дисина дерриг гӀора, хӀара цхьа а витина генна дӀайахана шен йахь а — уьш дерриг гул а дина, садаллал бӀарзбеллачу чӀерана уьш дуьхьал а даьхна, чӀара гӀикхна тӀеозийра воккхачу стага. ГӀикхна агӀонехь кхунна йуххехула эсала дӀабоьдура иза, хи чохь цхьа деха, доккха, шуьйра, дато дукъо санна, доккха дегӀ а къегош, шен тур гӀикхан мердукъах хьакхадаллал уллехула.
Шен карара леска охьа а тесна, иза сацо тӀе ког а биллина, схьаэцна гарпун, лаккха хьала а айбина, шен ницкъ мел бу, долу-доцу а хьал тӀе а гулдина, кхуьнан гӀодайукъкъелц хи чуьра айбайеллачу чӀеран некха тӀера пелагна йуххехула чутуьйхира воккхачу стага. Ира эчиг чӀеран ховхачу дегӀах чудоьдуш хаалора воккхачу стагана, кхидӀа а гарпун кӀоргге чу а тоьттуш, шен дегӀан берриг мохь цунна тӀебазбира цо.
ЧӀара денбелира тӀаккха, дегӀах йахнарг Ӏожалла хиллехь а. Хи чуьра хьала кхоссабелира иза шен инзаре йохалла а, шоралла а, ницкъ а, шен исбаьхьа хазалла а гойтуш. Хеталора, иза гӀикхна а, воккхачу стагана а тӀехула, хӀаваэхь айабелла, сецнера. ТӀаккха, цхьа аьрша тулгӀе а ойбуш, дерриг гӀикх а, воккха стаг а вашош, хиш а тухуш, хӀорда чу буьйжира чӀара.