ТӀаккха гата хьаладахийтира, гафелан метта цхьа гӀаж а гӀортийна. Йоманаш а латийна долу гата мохо дуьйсира, гӀикх меллаша дӀадоладелира, воккха стаг, дӀа а тевжина, къилб-малбузехьа дӀаохьавелира.
Компас а ца оьшура цунна, къилб-малхбузе мичхьа йу хаа. Кхунна оьшург некъаца богӀу мох бара, гата дуьйсина латтор долу мох. «Ӏайг белахь а, йа кхин цхьа къегина хӀума тӀе а тесна, мӀара чукхосса беза ас, кхалла а, тӀуналла а цхьа хӀума лаца». Амма Ӏайг ца карийра цунна, ткъа кхоллургна битина сардинаш-м телхинера. ТӀаккха, ша тӀехволлушехь катоьхна, хи чуьра цхьа курс хӀордан йараш а йаьхна, уьш гӀикх чу охьакхийсира цо, царна йукъара креветкаш охьаэго. Маситта охьа а йоьжна, сегалий санна, кхийссайала йуьйлира. Воккхачу стага, тӀера кортош дӀа а дохуш, дика Ӏовша а Ӏовшуш, шен пиллагашца а, цӀоганашца а дӀайиира уьш. Воккхачу стагана хаьара, уьш кегий йелахь а, токхе а, дукха чомехь а йуйла. Шишан чохь кхин цкъа-шозза маллал хи диснера воккхачу стеган, ша креветкаш йиъна ваьлча, цу чуьра жимма дӀамелира цо. Пхьаьрса кӀелахь гӀикхан тӀам а къевлина вогӀура воккха стаг, хуьлучу дуьхьалоне хьаьжча, дика догӀура гӀикх.
ДӀахьаьжча, гуш чӀара а бара, доьхна гучу куьйгаша а, гӀикхан агӀонах гӀортийна болчу букъе деттачу лазаро а, хӀара гӀенах а доцуш, баккъал а самах хилларг дуйла хоуьйтура цунна. Цхьана йукъехь, тӀаьххьара кхуьнгара хьал а кхачийна, кхетамчура хӀара вуьйлучу хенахь: «ГӀенах-м дацте хӀара», — аьлла, дагаиккхира цунна. ТӀаккха и чӀара хи чуьра хьала а кхоссабелла, ша йуха хи чу божале, цхьана мӀаьргонна хӀаваэхь соцунгӀа хилча, цуьнан шеко йайра хуьлуш дерг цхьа тамашийна, цатешшал инзаре хӀума хиларх. Оцу йуккъехь бӀаьрса гӀелделлера цуьнан, делахь а хӀинца-м, хьалха санна, са дика гора.
ХӀинца цунна хаьара, ша лаьцна чӀара гӀан доций йа лозу букъ, куьйгаш а самах дуйла. «Куьйгаш-м сихха толора, — ойла йора цо. — Цу тӀе а, ас боьха цӀий дӀа а эхийтина, ткъа дуьрачу хино сихха тодийр ду. Аймин Ӏаьржа хил гӀолехь дарба кху дуьненахь хуьлий а хаац. ХӀинца дан дезарг цхьаъ ду — корта сема латтор. Куьйгаша шен декхар кхочушдина, вай дика догӀуш а ду. Къевлина мочхалш а долуш, нийсса лаьтташ цӀога а долуш, йух-йуххехь, цхьа вежарий санна, дика догӀуш ду вай».