Иэс йуха а жимма галдала дуьйлира цуьнан, коьрте ойла хьаьвзира: «Ванах, со и эцна вогӀу-те йа иза со эцна богӀу-те? Иза ас тӀаьхьа а тесна балош белхьара-м, цхьа а шеко а хир йацара. Йа шен дерриг доьналла а дожийна, гӀикх чу а кхоьссина, бохьуш хилча а. Ткъа тхо йух-йуххехь догӀуш ма ду, вовшех таса а дела, — ойла йора воккхачу стага. — ХӀумма а дац, хилийтахьа цо со валош, нагахь цунна иза ишта тахь. Со цул толаран бахьана ас цунна йина мекарло ма йара, ткъа цуьнан суна зен дан цхьа а чот а ца хилла».
Дика схьабогӀура уьш, воккхачу стага наггахь дуьрачу хи чохь куьг а дашадора, корта сема бита а гӀертара. ДӀо лакха стиглахь мархийн алхаш а йара гуш, некъаца мох сатассалц хирг хиларан билгало иза йуй хаьара воккхачу стагана. Сихсиха чӀере хьожура воккха стаг, иза баккъал хиларах тешархьама. Цхьа сахьт даьлла хир дара уьш богӀу, дуьххьара гӀоркхмано чӀерах катоьхча. ГӀоркхма гучубаларх цецволийла дацара, хӀунда, чӀерах Ӏийдалучу цӀийн ан генна хи буха йоьдучу мархин йоккхачу тапан хьожано гӀаттийна балийнера иза. Ларбалар хӀун ду а ца хууш, дукха сиха богӀу иза, шен дегӀаца таьӀна-сийна хи а хадош, малхехь гучубелира. Йуха, хи чу а бахана, чӀерах йогӀучу хьожанна лар а лаьцна, гӀикхна тӀаьхьа охьабелира иза.
Наггахь лорах тилалора иза. Амма сихха йуха а лоцура. Ма-хуьллу сихбелла богӀура, цхьа буьрса. Мако олучу баккхийчу гӀоркхманех бара иза, хӀорда чохь уггар чехка лиелачу чӀерал а маса хилийта санна кхоьллинчу цуьнан дегӀан куьцехь масо хӀума а товш дара, мочхалш доцург. Букъ, тур-чӀеран санна, таьӀна-сийна бара цуьнан, гай дато басахь дара, неӀ — шера а, хаза а дара. ДегӀан гӀад тур-чӀерах тера дара цуьнан, ша мочхалш доцург, ткъа уьш къевлина тӀеттӀа таӀийна дара, букъ тӀерачу пиллагца хин пардо а этӀош, кхин тӀулгӀе а ца йоккхуш богӀучу шен масаллина дуьхьало ца хилийта. Цуьнан къевлина долчу мочхалийн шалхачу балдашна бухара бархӀ могӀа цергаш йерриг чуситтина йара. Хьуна ма-моьтту, цхьа кхечу гӀоркхмийн кхосаболчу пирамидех тера йолу цергаш йацара уьш. Пха а озийна, кӀомсарш санна, сеттина дисинчу адаман пӀелгех тера йара. Воккхачу стеган пӀелгел йаккхий хир йара уьш, агӀонаш, писка¹ санна, ира а йолуш.
¹ Писка — маж йа корта бошу гӀирс (лезвие).