«Иза схьа а даьккхина, оцу пийсакан бӀостане дӀадихкича, ма герз хир дара цунах. ТӀаккха-м охашимма дикка хӀума тухур йара хьуна царах. Делахь, хӀинца хӀун дийр ду ахь, уьш буьйсанна багӀахь? ХӀун дийр дара ас? Летар ву-кх, — элира цо. — Со велла дӀаваллалц, летар ву-кх со царах».
Амма боьллачу боданехь гуш шахьаран нур а йа серло а йацара. Цхьанаэшшара хьоькхучу махо дуьйсинчу гатано меллаша тоьттучу гӀикхо доккху тата а бен ца хезаш, гондӀа хӀоьттинчу къоралло а, бӀарзалло а ша велла-м вац те аьлла, ойла дагайаийтира воккхачу стагана. Ша зен ши куьг вовшашна тӀеттӀа а дахийтина, церан керайаккъаш хаайелира цунна. Уьш дийна йара, царна чохь са дуйл-м куьйгаш диллича йа къевлича керайуккъе тухучу лазаро хоуьйтура.
Ша дийна вуйла а хиъна, гӀикхан агӀонах дӀатаьӀира иза. Цуьнан белшаша а хоуьйтура, иза дийна хилар.
— Нагахь хӀара чӀара соьга лацийтахь, айса доьшур ду аьлла доӀанаш деша деза ас, — ойла йора цо. — Амма хӀинца уьш деша дукха кӀадвелла со. И гали схьа а эцна, белшашна тӀетесча тоьлий-те, моьтту суна.
ГӀикхан агӀонах а тевжина, стигла хьала а хьоьжуш, шахьаран серло гучу ца йолу-те бохуш, ойла а йеш вогӀура иза. «Цунах биснарг ах бен хир бац, — ойла йора цо. — И ах мукъана а дӀакхачо аьтто хир бац-те? Цхьа ирс хила мегаш дац сан а? Дац, — элира цо. — Ирс хир дара, хьо дукха гена йуккъе ца веанехь».
— Ӏовдал ма лелахьа, — элира цо барта. — Сема а, ладугӀуш а хила. Хьан-м дика аьтто бала а тарлой.
— Аьтто бухкуш цхьа меттиг хилча, мехах оьцур-м бара ас, — элира цо.
— Стенах оьцур бара ахь? — хаьттира цо ша-шега. — Хьайн йайначу гарпунах, кагделлачу уьрсах йа лозучу куьйгех оьцур бара ахь?
— Бара, — элира цо. — Даьсса хӀорда чу леллачу дезткъе деа дийнах логерейа а йина, ирс эца воллуш вацара хьо? Цара хьуна ишттаниг йухкур а йара.
«Йаьсса ойланаш йан ца йеза ас, — дагадеара цунна. — Ирс-м тайп-тайпанчу кепехь йогӀуш хӀума йу, амма хьанна йевза цуьнан бакъ кеп? Муьлхачу кепехь деача а, ас схьа-м оьцур дара иза, цара боьхху мах дӀа а белла. Дависа, и серло сихха гучайалахьара, — ойла йора цо. — Дависарг-м дукха хӀуманаш ду хьуна. Амма хӀинца дерг и серло гар ду-кх.
ДӀахьажа гӀолехь хирриг аьлла, жимма нисвелира иза, тоьхначу лазарша йуха а ша дийна вуйла хаийтира цунна.